Йочанаш, йоькханаш ца къасталучохь
Стаг бӏаьрзе ву.
Де буьйсанах ца къасталучохь
Стаг гӏайгӏане ву.
Безам цабезамах ца къасталучохь,
Стаг хьере ву.
Дика вонах ца къасталучохь,
Стаг велла ву.
Мархийн гӏар бен тата доцчу йуьртахь
Дохкур ду ас не́хан гӏе́нийн сурташ...
Бекъа урам буьллур бу ас цунна,
Кха́на школе ваха дезачунна.
Йекхна ӏуьйре йуьллур йу ас цунна
Кха́на го́та йоло дезачунна.
Маьлха-Аьзни йуьллур йу ас цунна
Ше́н безаман цӏарца вижначунна...
Кхин а, кхин а дохкур ду ас сурташ
Декъал хирриг хӏо́ра хӏокху йуьртахь
Амма хаац хӏун дуьллур ду цунна,
Шовзткъа шарахь кӏанте хьоьжучунна.
Йо́гӏу и, къежйелла месаш,
Зе́загийн курс буйнахь къуьйлуш,
Хӏинца а кӏентан аз хезаш,
Хьомсара сурт сица къуьйлуш.
Хебаршка йаханчу йуьхь тӏехь
Гуш йу-кха не́нан дог-ойла.
Кхоьлина, кӏант во́цуш йуххехь,
Сатуьйсуш кхин цкъа а гойла.
Йо́гӏу и сирлачу дийнахь
Везачу кӏантана хьалха,
Гора а йахана, тийна,
Бӏаьрхих ше́н дог ӏабош , йелха.
Дагахь ду ша́ аьлларг, къаьсташ,
Тӏаьххьара кӏант во́луш а́ра:
- Хилахь хьо къонахех къесташ,
Сан на́кха бу хьу́на хьа́рам.
И дешнаш диц ца деш, кӏанта
Кхалхарца баьккхира толам.
Ткъа тахна и хьоьжуш лаьтта,
Хилла шех мокхаза хӏоллам.
Кӏант волчу йо́гӏуш йу на́на,
Дуьненан баркалла дахьаш,
Шерашкахь мел лайна ба́ла
Белхабан ше́н кийрахь бахьаш.
Тахане вайн марша йоккхуш,
Ца дохош ша́ дина то́ба,
Кӏант воьжна на́на йу йо́гӏуш,
Гӏаттахьа сий деш, Европа!