Цул тӏаьхьа су́на гучура а йаьлла йайра и». (Алла́хӏан элчано (Алла́хӀера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) хаьттира: «И хӏун йара хаьий хьуна?». (Усайда) жоп делира: «Хӏан-хӏа, ца хаьа су́на!». (Алла́хӏан элчано (Алла́хӀера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) э́лира: «Мали́каш дара уьш, хьан озе (ладогӏа) улле даьхкина. Ахьа (сатассалц) дӏадешна хиллехьа́ра. На́хана а гур ма дара и сурт. (Уьш) къайла а ца дуьйлуш, цаьрга хьоьжуш хир ма бара уьш» (Бу́хари: 5018).
ТКЪЕ́ БОРХӏАЛГӏА ХЬАДИ́С
Абу́ Хӏурайрас (Алла́хӏ ре́за хуьлда цунна) дийцина, Алла́хӏан элчано (Алла́хӀера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) о́луш хезна шена аьлла: «Алла́хӏа цхьана а хӏумане ла ца ду́гӏу, хаза аз долчу Пайхамаре санна, хозуьйтуш мукъамехь (хаза) Къуръа́н доьшуш волчу» (Бухари: 5023, Муслим: 792).
ТКЪЕ́ УЬССАЛГӏА ХЬАДИ́С
Абу́ Му́са́ ал-Ашӏарис (Алла́хӏ ре́за хуьлда цунна) дийцина, Алла́хӏан элчано (Алла́хӀера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) шега э́лира аьлла: «(Хӏай, Му́са́!) Да́удан доьзалан шедагех шедаг делла хьу́на» (Буха́ри: 5048, Муслим: 793). Оцу хьади́сан Муслима далийначу ривайа́техь дуьйцу, Алла́хӏан элчано (Алла́хӀера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), (Абу́ Му́са́га (Алла́хӏ ре́за хуьлда цунна)) э́лира аьлла: «Гина велира хьу́на со, селхана ахьа доьшучуьнга ладоьгӏуш!».