ТКЪЕ́ ПХУЬЙТТАЛГӏА ХЬАДИ́С
Жундуб ибн ӏабдулла́хӏ ал-Бажалис (Алла́хӏ ре́за хуьлда цунна) дийцина: Алла́хӏан элчано (Алла́хӀера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) э́лира аьлла: «Къуръа́н деша аша - цуьнан хьокъехь шайн дегнаш бертахь лаьтташ мел ду, ткъа шайна йуккъе къовсам болахь – дита иза» (Бухари: 5060, Муслим: 2667).
ТКЪЕ́ ЙОЛХУЬТТАЛГӏА ХЬАДИ́С
Абу́ Масӏу́д ал-Анса́рис (Алла́хӏ ре́за хуьлда цунна) дийцина, Алла́хӏан элчано (Алла́хӀера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) э́лира аьлла: «(Ла́мазехь) на́хана хьалха имам хӏотта уггаре хьакъ верг - царех Алла́хӏан Жайна массарчул дикаха доьшуш верг ву. Нагахь (и нах) оцу тӏехь а цхьатерра белахь - массарчул а суннат дикаха хуург (ва́ла веза хьалха). Нагахь (оцу тӏехь а) уьш цхьатерра белахь - уггаре а хьалха хӏижрат динарг (ва́ла веза хьалха). Нагахь оцу тӏехь а уьш цхьатерра белахь - Исла́м-дин хьалха тӏеэцнарг (ва́ла веза хьалха). Хӏуъа а хилча а, (кхе́чу) стеган о́лалла сов долучохь имам ма хӏуттийла стаг, йа цуьнан хӏусамехь цуьнан метта тӏе (йа гӏайбанна тӏе) охьа а ма хуийла иза, цуьнан пурбанца бен» (Муслим: 673).