УЬССАЛГӏА ХЬАДИ́С
Ал-Бара́ъ ибн ӏа́зиба (Алла́хӏ ре́за хуьлда цаьршинна) дийцина: «(Цкъа) цхьа стаг «ал-Кахӏф» су́рат доьшуш волуш, йуххехь шина чуханца дӏайихкина говр а йолуш, (цӏеххьашха йеана) цхьа марха хьаьвзина цунна тӏехула. И (марха йо́гӏ-йо́гӏуш) йуххе йан йолайелира цунна, ткъа цуьнан говрах дерг аьлча, иза а хилла кхерайелла, цуьнах къахка йоьлла. (Оцу стага) ӏуьйранна Пайхамар (Алла́хӏера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волчу а веана, хилларг цуьнга дӏадийцича, Пайхамара (Алла́хӏера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Синтем хилла иза хьу́на тӏе (боьссина), Къуръа́н (дешар) бахьана долуш»» (Буха́ри: (5011), Муслим: (795)).
УЬТТАЛГӏА ХЬАДИ́С
ӏабдулла́хӏ ибн ӏамр ибн ал-ӏа́са (Алла́хӏ ре́за хуьлда цунна) дийцина, Пайхамара (Алла́хӏера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) э́лира аьлла: «Къуръа́н хууш хиллачуьнга аьр ду (къематдийнахь): «Дӏадеша, хьалавала! Дӏадеша мукъамехь, дуьнен чохь волуш айхьа ма дешшара! Боккъалла а, (йалсаманера) хьан меттиг - ахьа тӏаьххьара айат дешначехь хир йу» (Абу́ Да́уд: (1664), ат-Тирмизи: (2915), цо аьлла хӏара «хьасан, сахьи́хь» дарж долу ХЬАДИ́С ду).