Жоьра-Бабин Жонсаркъина йуххе охьа а хиъна, сов дукха йелхарна, ший бӏаьрг а баьлла, йисина йоӏ а, цуьнан балина сов дукха йелхарна, йоьӏан говр а.
Цу хе́нахь, мичара до́лу ца хууш, йоьӏан куча-кара «зов» аьлла, чудоьжна цхьа кӏайн ши шай. Иза ше́н кучара охьаэга доьлла ахча ду моьттуш:
— Да ватӏа хьан, кучара ахча охьаэга а доьлла-кх сан, — аьлла, куьг хьаькхина, схьа а эцна, иза буйна а доьллина, охьахиъна йоӏ.
Цхьа́ хан йаьллачу хе́нахь ше́н бӏаьргех хьаькхна цо куьйгаш, ши шай буйнахь а до́луш.
Тӏаккха бӏаьргаш шаьш ма дарра хилла.
Хьала гӏаьттина, тӏейахана Жоьра-Бабин Жонсаркъина а хьаькхна цо кӏайн ши шай.
— Ма дукха ӏиллина со вижина, — аьлла, ирахӏоьттина Жоьра-Бабин Жонсаркъа.
Тӏаккха шина а говран бӏаьргех а хьаькхна ца́ра кӏайн ши шай — уьш а, бӏаьргаш то а белла, дӏахӏиттина.
Чӏо́гӏа даккхийдеш, мар-мара лилхина йоӏ а, Жоьра-Бабин Жонсаркъа а. Йоӏ а эцна цӏа а вахана, цунах шена зуда а йина, ва́ха хиъна Жоьра-Бабин Жонсаркъа. Хӏинца а де́хаш ду бо́ху кӏанттий, йоӏӏий, Жоьра-Бабий мерзачу безамца, бертахь.
Ма лолда вай, кӏентий, вовшех темаш ва байна!