Сан тахна э́шаран денош ду доттагӏа
Толамаш кха́ненгахь бисна.
Йуха а сайн кхоллам кхожа тӏе хӏоттабан
Масийтта ӏа́лашо йисна.
Цӏеначу дагара йуха а вирзина,
Дог ӏабош цкъа велавала,
Вистхуьлуш: «Гой шуна, сан чевнаш йирзина?»
Доллучу къинойх цӏанвала.
Ткъа тӏаккха, са доцчу, кӏезгачу на́хана
Гечдина, веза стаг хилла.
Керла йукъ йихкина керлачу да́харна,
Доладан кхин керла илли.
Сан дин бу терсашберг, некъана гечдина,
Къо́балдеш да́харан туьйра.
Сайн не́нан пурбанца шеда кхаж кечбина,
Хуур ву со цуьнан нуьйра.
Со ва́гӏахь во́гӏур ву, со висахь вуьсур ву,
Бӏешерех чекхваьлла ваьлча,
Жимачу йуьртара мехкарий хьуьйсур бу
Со ва́ре, хан-за́ма йаьлча.
Вовш хилахь, вовр ву со, седанах кхерстина,
Туьйш хилахь, — хӏолламах туьйр ву.
Сан дин а бо́гӏур бу, ӏуьйренца терсина,
Дохьуш ас йаздина туьйра.
Ахь тӏаккха дешалахь, цхьа могӏа биц ца беш,
Во́цучу доттагӏчуьн да́хар,
Адамийн бӏаьрхишца тӏадамаш хӏиттадеш,
Дерзийна хӏо́ра а дакъа.
Дешна хьо ваьлча, ахь и дин дӏахецалахь
Къонахий лелачу новкъа.
Сох бисна шедан кхаж хьайн кара е́цалахь,
Хьан куьйгахь — сан куьйга йовхо...
Сан тахна э́шаран денош ду, доттагӏа,
Делахь а со чӏо́гӏа тешна,
Тӏаьххьара кхолламна йуьхь-дуьхьал хӏотталца,
Ца къаьстий тоьлларг йа эшнарг.