Цкъа цхьана дийнахь мацалла дала доллу цхьо́гал хилла хьуьнахула дедда до́гӏуш.
Цӏеххьана хьалахьаьжча, дитта тӏехь ӏaш а́кха-котам а гина, цхьо́гал сецна. Цхьо́гал гина кхерайеллачу а́кха-котамо мохь тоьхна. Дика дӏа а нисделла, цу дитта кӏелахь охьа а хиъна, хьастаделла, цхьо́гало а́кха-котаме аьлла:
Цхьо́гал
— Хьажахь, ма тамашийна хӏума ду xlapa, хӏинццалц схьа а́кха-котамаша мохь легашкара схьа ту́ху моьтташ дара-кх со, хӏинца хии-кх су́на, ца́ра бӏаьргашца мохь хьоькхуш хилар.
А́кха-котам
— Хӏан-хӏа, цхьо́гал, хьо гӏа́латдаьлла, о́ха легашкара схьа ту́ху мохь, бӏаьргашца ца ту́ху, — аьлла а́кха-котамо.
Цхьо́гал
— Дӏайа́лахь дӏа, хьу́на хьайна а ца хаьа, айхьа хӏун дуьйцу. Нагахь хьо сох ца тешахь, охьайосса со йолчу, аса хьан бӏаьргаш дӏакъовлур бу, тӏаккха, нагахь санна ахьа легашкара мохь хьа́кхахь, хьо бакъ лоь-кха.
А́кха-котам
— Со кхоьру охьайосса, ахьа йуур йу со — э́лира а́кха-котамо.
Цхьо́гал
— Вай, ма эрна ду-кх хьан кхерар. Аса дуй биъна, стохка дуьйна цкъа а а́кха-котаман жижиг ца даа, нагахь аса сайн дуй къарбахь, кӏамдар а кхетта, со лийр ду, — э́лира ме́кара цхьо́гало.
А́кха-котам, цхьо́галх теша а тешна, дитта тӏера охьайоьссира. Катоьхна цуьнан когаш схьале́цира цхьо́гало:
Цхьо́гал
— Де́ла дуьхьа, ма ӏовдал а йу хьо, сох теша мегар ма дац, хӏинца аса хьо йуур йу!
А́кха-котам
— Ма йаахьа со иштта, — де́хар дира а́кха-котамо. — Со йаале хьалха, ахьа Де́ле: «Йо, Аллахӏ-Де́ла, хьан цӏарца аса йаа йолайо xlapa», аьлла, де́хахь, сан жижиг хьу́на дийнна шарахь даа тоьар ду-кх.
Цо бо́хучух теша а тешна, цхьо́гало бага дӏайоьллушехь, Де́ле де́хар дан, кӏелхьарайаьлла а́кха-котам, тӏо́ма а йаьлла, ша́ хьалха ӏийнначу дитта тӏе охьахиина.
А́кха-котам
— Хӏан, хӏинца хьо йу хьу́на ӏовдал! — аьлла, ша́ кӏелхьарайа́ларна йоккхайеш йолчу а́кха- котамо.