За́ма! Ма сихйелла йоьду хьо
Ла ца ду́гӏуш сан дехаре,
Сан лозучу сил а хьалхайаьлла,
Сан ӏийжачу дагна тӏоьхула йаьлла,
Ма сихйелла йоьду хьо,
Ма сихйелла йоьду хьо,
Хьайн тулгӏешлахь со
Ма йигахьа со а́найистан до́зане.
Хӏун дийр ду? Да́харан лай хилла
Деха вай хӏо́ра а,
Хӏаллакво-кх ӏе́дало дӏааьлча
Бакъ долу дош,
Цунде́ла ницкъ бо́цуш йисина-кх со,
Сайн дагца къийса,
Ле́ча а хьожийца, кечделча ше́н тӏе́маш, стигла.
Оф-фай, ма гӏелйелла со,
Доттагӏа, цхьажимма ойлайеш,
Сацахьа соьца.
…Да́харо техкадо кху хе́нан Ширделла а́га,
Харцоно гӏелбина бо́дане ше́н гаьнгали.
Тоийта!
Ма де и кӏезга къамйелаш:
Дӏо дехьа – йалсаманехь беха нах,
Дӏо цигахь – ма луъу ког хеца хьайна,
Нохчийчоь – дош дац и.
Тоийта!
Йахийта шайн алаша цигахьа,
Йалсамани лаха, да́ха шу цигахь,
Сискало йина къонахий,
Барзакъо къа́гийна мехкарий,
Шайн синан кӏезгалла бехке йен цулла.
Ма хьайе Нохчийчоь,
Цуьнан кхин а кӏентий бу
Цунна тӏехӏитта…
Гӏаргӏулеш дӏайоьлхуш
Цаьрца сан са а дилхина,
Амма уьш цӏайо́гӏуш
Со цаьрца йела-м ца кхиина…
Дохк хьерча сан бӏаьргех,
Кӏайн марчо ва хилла,
Сан гуьйре, хьоьга-м ца байбели
Тахна сан ба́ла,
Дерз лета сан да́гах.
Эхӏ, Дуьне! Хьо тӏа́рал гатдина су́на,
Хӏоттабеш бӏаьргаш чу бо́да,
Хӏара да́хар иккхира йо́гучу цӏерга,
Стигланаш хӏитайеш гора.
Дӏа ладоьгӏча хӏара дуьне гатлуш
Ду-кха тӏаьхь-тӏаьхьа,
Тхан дех дисна коввий, керттий санна…
Кху дуьненчохь дика мел де́ха,
Кха́чалур йац вонан мекха…
Ас лазам а́лий хьох, Да́хар?
Оьгӏазло-м йийр йац ахь су́на?
Ас ӏийжам а́лий хьох, Да́хар?
Дог до́гу. Ницкъ лохьа су́на.
Ас Туьйра а́лий хьох, Да́хар?
Сийначу геналлехь дӏадай сан туьйра.
Хазалла а́лий хьох Да́хар?
Ахь кӏиллой бийр ба́ций де́къал?
…Хӏун а́ла ас хьох, хӏун а́ла?
Сел мерза, сел къаьхьа туьйра.