Вахит Хаджимурадов
(Тхайн не́нан на́на дагало́цуш).
Бабин Сайдӏали селхана итт шо кхаьчна жима кӏант вара. Кантана хазийта йиш йолуш-м да́цара «жима» бо́хуш долу дош, кӏантана ша́ хӏинца воккха хилла аьлла хетара. Бабин йоьӏан Зийнин кӏант вара Сайдӏали, йоккха стаг ша́ ца хилийта цуьнца ӏаш. Йоккха йелахь а, ба́ба-м вир ворда а йужий хьуьнха а йоьдура дечиг дан, хи чу дохка хьуьнан кхораш а гулдора цо, ӏаьнна а даа сеш а, муьргаш а, хаьмцаш а дохьура. Жима велахь а Сайдӏалис бабина хьалха а дора гӏо. Хӏинца ша́ бабица вирворданахь хьуьнха дечиге воь́душ, виран архаш а ше́н кара оьцура.
- Н-н-но! – о́луш цхьана буйнара сараг а ластош, вукху куьйга архаш озош вир човхош, воккханиг санна ӏа́ра и вирвордана хьалха, ба́ба шена букътӏехьа а хоийтуш. Лакхахь гуш баьццарчу хьаннех дуьзина арцнаш а долуш, диттийн бе́цан зе́загийн хазачу хьожана. Ма воккха къонах хетара кхунна шех. Ба́бас жима йе́ха дога йолу жоммагӏа а ту́хуш даьккхина бӏаьлланган дечиган гаьннаш цхьацца а, шишша а ло́цуш, йуькъачу хьуьна йуккъера вирворда лаьттачу майдане схьатакхайора кӏанта. Наггахь, ба́ба кадйелла ӏиндагӏехь садоӏа охьалахйелча, кӏанта жоммагӏа караоьцура. Ба́бас санна бӏаьлланган гаьнна дехьа а, сехьа а ту́хуш диг ту́хура цо.
Уохьа лахло, жимма садоӏа хьайна, ва кӏант, - йела къежаш, кӏантах йоккха йеш о́лура ба́бас.
- Со кӏад ца велла, ахьа садоӏа хьайна ӏиндагӏехь, аса жимма болх бийр бу, - ца къарлора жима Сайдӏали. Делкъана, малх лакха баьлча, йуург йаа ӏиндагӏехь охьахуура бабийн жима Сайдӏали. Йаржайой бе́цана тӏе шаршу а тосий, цунна тӏе охьайуьллура ба́бас мерзачу хьожано корта хьовзабеш йолу йуург: гатана йуккъехь хӏинца а ховха лаьтташ йолу сискал, тӏобе́рам, нехча, деттина жижиг, сийна хох, хорсам. Оцу хе́нахь боккха ба́хам хеташ йолу Китайн пачхьалкхахь йина, а́гӏонна тӏехь хазачу зе́загийн курсан суьрташ долу, термосна чуьра дуттура тӏера хазачу чо́ман ӏа гӏуьттуш долу галмакхойн шура тоьхна чай. Кӏанте алсама кхаллийта гӏерташ цунна хьалха туьттура ба́бас мерза, тоьллачех долу йуурган да́къош.
- Къонах хила везаш ву хьох, диканиг ахьа шортта йаан йеза йуург, - о́лура ба́бас ша́ кӏантана хьалха йуург моссаза тотту.