эпсарийн говрийн урхаш а, луьйтанаш а дӏалецира. Амма полковник, хьастабелла тӏебаьхкинчу йуьртан тхьамданашка а, йа церан кӏенташка а ца хьожуш, тӏех а ваьлла, адамийн тобанна йуккъе вахана, сецира.
– Иттех дийнахь шун хьаькам хир ву со, – элира цо, хьалха лаьттачу тӏелхигбевллачу божарийн къух санна йевллачу йаххьашна тӏехула бӏаьрг шаршийна. – Со тӏеман эпсар хиларе терра, политикех дерг хаац суна. Шуьга мотт лебан говза а, йа догдогӏуш а, йа хан йолуш а вац. Суна шуьгара оьшург бакъдерг ду. Соьгара а хезар ду шуна изза. Схьадийцал чехкка, хӏунда вийна аш паччахьо, шайна тӏехь куьйгалла де аьлла, ваийтина хьаькам? Ас шайна тӏехь ден дерг хаьий шуна?
Уллохь лаьттачу кешанойн йуьртдас мохь тоьххана гочдира полковникан къамел. Нах, шек дӏа а боцуш, кхуза баьхкинарш ӏедалан векалш а, адамаш а доцуш, цхьа мехкан доцу акхарой долуш санна, леррина цаьрга а хьуьйсуш, тапъаьлла тийна лаьттара. Эххар а, ши-кхо гӏулч хьалха велира, бакъийна гӏуркх санна, векъана, веха, цӏеххьана голатухуш хьаьвзина боккха мара а болуш, шовзткъе иттех шо хенара стаг. Сирдала доьллачу дуькъачу мекхех дайн куьг а хьаькхна, йовхарш тоьхна, йиш а тойина, аьрру куьг йукъарчу шаьлтанан кӏайчу макъарна тӏе а диллина, важа хаьнтӏе а хӏоттийна, майрра полковнике хьаьжира иза.
– Ас дуьйцур ду бакъдерг, – вистхилира иза гӏоргӏачу озаца. – Стенна тӏехула доладелла, хоьтту ахь? И ца хууш ву хьо? Тхо ца го хьуна, хӏара тӏотӏеш[8] оьхкина, сагӏадоьхургаш санна, лела? – нохчочо, дерзинчу дегӏа тӏе дуьйхинчу эттӏачу чоин кач дӏаса а озийна, гучудаьккхира холхазах тера хьийзина, даьлла шуьйра некхан у. – Йа тхан бераш ца гина хьуна, дерзина, меца лела? Шаьш тхуна тӏехь латто харцо, ӏазап а ца тоьу шуна? Хьаькамаш а оха кхаба дийзи. Тхешан доларчу сту-ворданца кха тӏе даха а, базара даха а, дечке даха а йиш тхан йац. Даим дӏа шуна некъаш дохуш, шун эскарш кхалхош, шун хьаькамаш дӏасалелош. И дерриг дича а, дитахьара ткъа. Схьа мел вогӏург налог тоха вогӏу, схьа мел вогӏург, и схьало олий, вогӏу. Оха мичара ло шуна налогаш, дуьйш-дерзош латта а ца хилча, кертахь даьхний а ца хилча?
– Цхьа цІока йаьккхина а ца Іа!
– ВорхІ йаккха гӏерта!