ворхӀе дайн а, массо къоман а гӏиллакх ду кӏайн байракх а, машаре векалш а лоруш! Шайн хьалхарчу гӏулча тӏехь мукъане а оьздангаллех ма доха!
– Ахь Іамо ца дисина тхо! – човхийра иза Акхтас. Хӏинца баккъал оьгӏазваханчу цуьнан дуькъа хьаьрса цІоцкъамаш а, месала мекхаш а дусаделлера. – Нагахь галдовлахь, тхо нисдан тхешан хьаьжой, молланаш бу тхан. Хӏей, мила вара хьо, воккха стаг! Ахь, гӏой, и шайн зударий цӏехьа берзабе. Янаркъа, йурт дӏалаца кечло!
Молла ӏаьршак, шен йехачу кӏайчу можах куьг хьоькхуш, йаккхий кӏайн цергаш гучу а йаьхна, гӏадвахана велавелира. Цуьнан кхалкъечу беснеш тӏе хӏиттинчу кІаьгнаша Акхтин даг тӏе туьха ӏанийра.
– Хьо стенна терса, ӏаьршак? – баттара тур хьалаозийра цо. – Тӏекъовла и хьайн зуьдан муцІар! Тхо шайца ги-бутторех ловза даьхкина-м, ца моьтту хьуна? Маккахь-Меданахь мел дешначу Къуръанор, ду ас шун и даккхий кортош, гӏабакхаш санна, цоьстур! Хьакхарчий! Шу молланаш а, хьаьжой а ду тхо дакъаздаьхнарш. Халкъ оьрсашца машар бан гӏоьртинчу хенахь питанаш тийси аш, шайна шим оьхьча, паччахьна дохкадели шу! Дӏабига уьш!
Шина дошлочо меттахъхьабира векалш.
– Амма хаалахь, Тевзбин Акхта, – Іаса хьалалецира Тарам-Хьажас, – нагахь тхан кортош тӏера цхьа чо ахь галбаккхахь, Ишхойн-Юьртара берриг шун бартахой тангӏалкхаш тӏе хьалаузург хилар! Церан коьртахой Гезлойн-гӏопехь, бисинарш Ишхойн-Эвлахь чубоьхкина бу. Йуьртахь шина йоккхачу тоьпаца ши бӏе салт а лаьтта.
Йуьрта йухаберзийначу зударийн маьхьарий девлира, аьхкенан суьйренца уьшалахь пхьидарчийн санна. Царах цхьаберш боьлхура, кхечара цІогӏа деттара, коьртара схьа а дохуш, корталеш лестадора. Доцца аьлча, цара шега кхузара дӏавала бохий, хиира Акхтина. Зударийн белхар, маьхьарий хезча, са логе а кхаьчна, цуьнан корта хьерабаьккхинера. Цкъа ойла хилира цуьнан, зударий тергал ца беш, йуьрта а иккхина, цигара салтий дӏа а лаьхкина, шен накъостий маьршабаха. «Амма, кху харано дуьйцург бакъ делахь, и дан ницкъ а бац. Йа, тхо кхеро, дестийна дуьйцу-те? Хьий, неӏалт хуьлда цигарчу божаршна а! Чубоьхкина, тов! Хӏорш хӏун деш ӏийна, буьйсанна дитташ тӏе хевшина котамаш санна, шаьш