зайлаш доьхкира.
Араваьлча, сени чохь лаьттачу шен адъютанте чиркх дӏабайъа а аьлла, Свистунов волчу дӏавахара иза.
Округан канцелярин цӏеношкахь, и тайпанчу лекхачу хьешашна кечйинчу хӏусамехь, сецнера командующи. Дуьххьарлера доккха цӏа – хьеший тӏеэца, оцу чухула дӏа неӏ йолу шолгӏаниг – охьавуьжийла.
Хьешан цӏа чохь бустамаш дохуш кечдина хьийзина когаш болчу горгачу стоьлан гонаха хиъна командующи а, инарла Виберг а, гӏалин мозгӏар Викентий а карийра Эристовна. Стоьла тӏехь, Іаь а гӏуьттуш, лаьттара гӏели диллина цӏена самовар а, цунна гонаха – кегийчу бошхепашна чохь диъ стака а.
Хьацаро лепо мозгӏаран йерстина, шуьйра йуьхь гича, Эристовна хиира хӏокхара дикка чай меллийла.
Суьйре дика а йеш, чуваьллачу Эристовна мозгӏарна уллора гӏант гайтира Свистуновс.
– Охьахаа, Николай Богданович. Хьайна чай а дотта. Оха дика таро йина… Тӏаккха, дӏабахан вайн хьеший?
– ДІабаха, хьан локхалла.
– Ойланаш муха йу хӏокхеран?
– Шаьш дерриг дийр ду-м, боху цара.
– Хьо теший ткъа?
Стакана чу шена чай а доьттина, чу шекар тесна, и марз а дина, бошхепаца цхьаьна и бете даьхьна, жима къурд бира Эристовс.
– Теша. Вайх къаьстина баха кхин некъ бац царна. Вайна ма-моьтту Іовдал а ма баций нах. Царна шера хаьа ӏедалан ницкъ а, мятежникийн гӏорасизалла а. Царах дӏакхетча, шайна тӏекхета хӏума доций а, вайх дӏакъаьстича, шаьш дерригенах довлий а.
Свистуновс, цигаьрка а латийна, боккха баьккхина, кӏур чутуьйхира.
– Иштта-м дара иза, Николай Богданович, амма и тайпаниш йарташкахь кӏезиг бу-кх хӏинца цкъа. Вукху дисинчу халкъо дийр дуй-те цара аьлларг?
– Нохчийн йарташкара нах тайпанийн гергарлонаша къевллина цхьана зӏенаца бихкина бу, хьан локхалла. Ткъа оцу зӏенийн йуьхьигаш оцу «вайчийн» буйнахь а йохку.
Хӏорш чай мелла бевлча, чувеанчу йалхочо дӏайаьхьира самовар а, пхьегӏаш а.
– Хьан умматан ойланаш муха йу, да Викентий? – мозгӏарна тӏевирзира Свистунов.
Вохвеллачу мозгӏаро, шуьйра, йеха цӏен маж хьала а тоьхна, обанан логера ветанаш дӏа а даьхна, стоммачу логах йовлакх хьаькхира. Гай тӏехь кхозура, аьлча а, йижина ӏуьллура, детин стоммачу зӏенах тесна дато йоккха жӏар.
– Адамийн дегнаш – къайленаш