– Лаххара а, ши эзар салти а, милцо а.
– Царна гӏо дан баьхкина гондӏарчу йарташкара нохчий а тӏетоьхча, шиъ ах эзар бӏаьхо! Ткъа вайца пхи бӏе стаг бен вац! – корта хьовзийра Коьрас.
– Хӏумма а дац, кӏентий! – цуьнан белша тӏе куьг туьйхира ӏаьлбага. – И ши эскар, цхьаьна а кхетта, Майртуьпа кхачале, цига гулйелла йовсарийн арданг йохо йеза. Дависа, вайн йоцу йоккха топ! Цхьаъ мукъане а йелара.
– Вай хӏун дора цунах, хилча а? Кхосса хууш стаг ца хилча.
– Эцца, хьозарчаша чохь баннаш а деш, лаьттар йара.
– Цуьнга болх байта-м нах бара вайн. Коьра а, Элса а.
– Хӏан, йуьртана тӏелата вай. Къайсар, кечло алий, хаамбе!
Къайсара, хьала а лаьцна, топ кхоьссира. Байракхчас лаккха хьалаайъира шен карара байракх.
Машаречу ханна дӏайаьккхина Теркан областан эскарийн штаб йуха вовшахтоьхнера, дӏадахана шо чекхдолуш туркошка йолчу йукъаметтигийн галморзахаллаш гуттар а кӏаргйала йоьлча.
Штабан начальникна, полковникна Мыловна областерчу тӏеман ницкъийн барам хаахь а, амма ца хаьара уьш мича хьолехь бу. Хӏоьттина хьал шен бӏаьрга ган, бӏаьстенан йуьххьехь эскарийн штаб-квартирашкахула волавелла полковник Іумхан-Юьртахь а волуш, болабелира Нохчмахкахь гӏаттам.
Гӏаттаман кхерамалла сихха гира Мыловна. Хаьара, иза, арен тӏе баржале, хьаьшна дӏабаккха безийла а. Ша штабан начальник велахь а, тӏеман операцин пхенаш шен буйнахь хила дезахь а, иза ца хӏуттура хьалхара гӏулч шеггара таса. Закавказьен фронте хьовсо билгалдина областера дикка дакъош кхузахь совцо Тифлисера бакъо йезара.
Дандезарг ца хууш, ӏумхан-Юьртарчу отрядан начальникца подполковникца Долговца цхьаьна иза воьхна хьийзаш, эххар а Владикавказера геланча веара, отрядца Шелахьа дӏа а гӏой, Эрсанахь лаьттачу полковникан Нуридан отрядах дӏа а кхетий, мятежникашна аренга бовлу некъаш дӏакъовла аьлла.
Тахана Іуьйранна кхо сахьт долуш ӏумхан-Юьртара арайаьлла отряд, Мескар-Эвлахула, Цоцин-Юьртахула чекхйаьлла, йеана, Гелдаганна уллохь туп тоьхна сецира.
Полковникна ца хаьара мятежникийн ӏалашо. Ойла йича, хеталора, уьш Шелана тӏегӏортаза ӏийр бац аьлла. Амма Мылов ца ваьхьара, хьалхахьа дӏагӏорта аьлла, Долговна