Йухайерзайе хьайн чагӏалкхаш! Бехачу могӏара а хӏиттий, тогӏи дӏалаца. Цу чуьра хьалакъеддачун хье дӏатосуьйтур буйла хаалаш!
ХІокху ӏедална а, оцу эпсаршна а, цара аьллачунна тӏе а тайна схьадаьхкинчу шайна а неӏалт а кхайкхош, йуха а бирзина, тогӏи чохь беха могӏа а беш дӏахӏиттира нах.
– Господин подполковник, йуьрта масех хӏоъ тохийтал! – буьйр дира Мыловс. – Маьӏ-маьӏӏе!
Йуьртахь хӏоьънаш лелха доьлча, йукъ-йукъа зударийн маьхьарий, берийн ӏадийна цӏогӏанаш а девлира. Амма хьалха цигара схьа гӏийла хезаш хилла зуькар, соцучу меттана, хӏинца, мелхо а, марсаделира.
Мыловн ойла йацара йуьртана тӏелатар дан. Йерриг а дегайовхо Эрсанарчу отряда тӏехь йолу Мылов сих-сиха дӏахьожура Курчалой-Эвлахула схьабогӏучу новкъа. Ткъа цуьнан цхьа лерг даим-дӏа Майртуьпехьа доьгӏна дара: кхоьрура, коьрта отряд схьакхачале, гӏовттамхоша цигахула тӏелатар дарна. Амма, стенна делахь а, уьш, эвла йисте а бевлла, бошмашкара схьа зене йоцу тоьпаш а кхуьйссуш, севцца ӏара. Схьахетарехь, тӏелатар дан шайн ницкъаш дӏанисбеш болчух тера дара.
Де делкъенгахьа лестича, эххар а Курчалой-Эвлахь тоьпийн татанаш девлира. Дукха хан йалале, цигара схьа гучуйелира дошлойн отряд.
– Далла бу хастам! – доккха са а доккхуш, жаӏар йеш, ламазна пӏелгаш туьйхира Мыловс.
Отрядан авангардехь йогӏучу 20-чу артиллерийски бригадан 1-чу батарейс лаллайелла йоггӏушехь позици лецира гӏалгӏазкхийн батарейна аьтту агӏор.
Сихха говраш дӏа а хецна, шаьш лафеташ къовла кхиарца цхьаьний йуьртана тӏе хӏоьънаш туьйхира цара а. Дукха хан йалале, чехкачу боларехь кхуза кхечира Навагински полкан шолгӏа а, Тенгински полкан йоьалгӏа а батальонаш. ТІаьхьайогӏу обоз Курчалой-Эвлан йисттехь сецира.
Подполковникан Долговн рапорте ла а доьгӏна, цхьаьнакхеттачу отрядан куьйгалла шена тӏеийцира Нурида. Меттиган хьелашка бӏаьрг а тоьхна, тӏеман ницкъаш дӏахӏитто вуьйлира иза. Бархӏ йоккхачу тоьпах лаьтта батарея, позицехь чІагӏйелла, шен гӏуллакх деш йара. Цунна тӏехьашха, аьтту агӏорчу бердан бохалла, чӏагӏйелира Тенгински полкан хьалхарий, йоьалгӏий батальонаш, аьрру агӏор – Навагински полкан йоьалгӏа