цига дӏа а ловчкъийна, йухабаьхкина цхьаберш. Ӏедало хьовсийна йа шаьш баьхкина а хаац, амма пайденна-м ца баьхкина уьш.
– Майртуьпара гӏуллакх чекхдаьллачу шолгӏачу дийннахьехь Шела дӏалаца йезаш хиллера. Циггахь гӏалат далийти вай, – элира Коьрас.
– Иза дӏадаьлла, Коьра, дийцарх нислур доцуш. Ас и аьлча, хьо воцург, массо а суна дуьхьалвелира.
Говрара чу а воьссина, лаьттах хьалакъеддачу чхар тӏе охьахиира ӏаьлбаг, тур голашна йуккъе а лоцуш. Нуьйрана тӏе дуьрста а тесна, хецна битина дин, бега а белла, ворта а саттийна, лаьттах берг йетта белира.
Коьртара схьабаьккхина месала куй гоьла тӏе а биллина, горгачу чӏенга кӏел, буй беш, куьг гӏортийна, шена хьалхара аре дӏалаьцна лаьттачу шен бӏаьне хьоьжуш, дӏатийра ӏаьлбаг.
Говрашкара охьавоьссира ши накъост а. Коьра доттагІчунна улло охьалахвелира.
– Вай са ма-тийссара, атта а ца хилла хӏара гӏуллакх, – йоцца хьалайаьллачу шен ӏаьржачу можах куьг хьаькхира ӏаьлбага… – Йиллинчу хенал хьалха гучубевллачу аьккхаша Хаси-Юьртара эскарш самадехи. Бӏаьн-Некъаца йолу зӏе йохайе аьлла, вахийтина Акхта а ишхоша йухаверзий. Изза дар тӏедиллинчу Гӏубхас хирг хилла даьллачул тӏаьхьа бен ца йохий Веданара охьайогӏу зӏе, ӏумма-Хьаьжа хӏинца а тийна ӏа. Цигара йарташ-м муххале ца гӏовттийра цо, мелхо а, хьаькамашца лечкъардигех ловза ваьлла. Тӏехула тӏе, суна луьйш ву а, боху, шен бертаза хенал хьалха ас гӏаттам болийна бохуш.
– Ткъа хӏун де вай? – хаьттира Коьрас, шаьшшиъ говраш тӏе хиъча.
– Хӏун де? Хӏуъу дина а, мостагІчунна тӏехь цхьаъ-шиъ толам баккха беза-кх! Тӏаккха кхузара йарташ а хӏуьттур йу вайна тӏаьхьа, гӏалгӏай а, дегӏастанхой а, тушой а, гонахара кхин къаьмнаш а гӏовттур ду. Цхьа масех гӏап дӏалацар – и ду уггар а коьртаниг!
Къосаман бІо, бухарчух схьа а ца кхеташ, ахаза долу ши кха дӏалаьцна, сецира.
– Дегӏастанарчу вайн накъосташа гӏаттам болор бац кестта, – элира Коьрас, дарвелла доттагӏ жимма кӏадвелча. – Царах цхьаболчийн барт бу Шемалан Гӏеза-Махьмиций, Алхазан Мусиций. Ӏумма-Хьаьжа а цаьрца ву, ткъа цо тушой сецабо.
– ГІовтта-м гӏовттур ма бара уьш, Коьра, амма, хирг хилла даьлча, гӏовттур бу-кх. Цхьаьний гӏевттинехь, ларор