Хьалха лаьтта и хьолахой а, цара эцна тобанна йукъара нах а карзахбевлча, ӏаьлбагна йуххе таьӏира цуьнан вежарий, Къосам, Нурхьаьжа, Къайсар, Коьра, Болат, Елисей, Овхьад. Амма ӏаьлбаг шек дӏа а вацара. Жимма корта агӏор а баьккхина, халла хаалуш вела а къежаш, цо собаре ладоьгӏура наха хьоькхучу маьхьаршка.
– Дика ду, нах, – говр меттах а йаьккхина, жимма хьалхавелира иза. – Со туркошна вохкавелла, боху шун тхьамданаша. Цара дуьйцучух тешарш а хир бу шуьлахь. Ас а, суна уллохь лаьттачу сан шина вашас а Къуръан тӏехь дуй буу шуна, ас лелориг туркойн мотт-ишарца а, цаьрца бертахь а дац аьлла. Ткъа аш, Боьршиг, шелахойн тхьамданаш, аш буий дуй, шаьш лелориг паччахьан ӏедалан бертахь дац, ӏедална шаьш дохкаделла а дац аьлла? Дист хӏунда ца хуьлу шу?
– Цара-м, хьаха, Къуръанаш а дуур ма ду, шайна дато сом делча! – гӏадвахана велавелира хьалха лаьтта лекха, хьорзам санна, векъана стаг.
– Сом хьехадо ахь-м, цхьа къикъвоьлла эпсар велавелла шайга хьожург а!
– Вежарий! Стенна лаьтта вай кху йуьртарчу совдегаршка, эпсаршка ладоьгӏуш? Имамна тӏаьхьахӏитта! Йаккхалахь – маршо йоккхур вай, ца йаккхалахь – делла дӏадевр. ХІокху харцонал, къоьллел делла дӏадовлар гӏоли ду!
Шелахойн барт боьхча, цунах пайда а эцна, йурт дӏалаца дагахь, сихха дой йуха а хьовзийна, шайн бӏаьна хьалха хӏиттира ӏаьлбаг а, цуьнан гӏоьнчий а.
Іаьлбага, баттара даьккхина тур хьала а лаьцна, охьаластийча, цунна тӏаьхьа лаьтта кхо бӏе дошло, цхьатерра меттахваьлла, йуьрта волавелира. Шелахойн тхьамданаша, тӏехула лаьцна, тоьпаш туьйхира цхьа бӏе гӏулч шайна хьалхахула чекхбуьйлучу гӏовттамхошна. Цара лелориг моттаргӏанна хиларе догдохуш, ца соцуш, хьалха дӏаоьхура ӏаьлбаг. Амма эрна хиллера цунна хетарг. Шолгӏа шаьш тухурш хӀокхарна йуккъе лаьцна туьйхира шелахоша. Кайаьллачо – тӏе, аьтто ца нислучо – тӏехула а тухуш, тоьпаш йетта йолийра тхьамданийн тобанна хьалха а, йуккъехь а лаьттачу бартахоша а.
– Вайн масех стаг вожийна! – мохь белира ӏаьлбагна тӏаьхьавогӏучу Къосаман.
Ӏаьлбага, урх оьзна, тӏаьхьарчу когаш тӏе хІоттийра говр.
– Йухадовла! – омра дира цо. – Янаркъа, байракх охьайахийта!
ГІовттамхой йухабоьрзуш