оьзда гӏодайукъ, хаза хьовзийна ӏаьржа мекхаш, йекхна йуьхь йолу шовзткъе итт шо хенара и гуьржи къиза стаг ву аьлла дага а догӏур дацара цхьанне а, цуьнан куьцечу йуьхьа тӏера аьрзунан зӏакарх тера мара кхитайпа ойла йойтуш бацахьара.
Эла Накашидзеца кхуза веанера Органан округан кхоалгӏачу участкан пурстоп волу подпоручик СарІелин Бача а, милицин майор Мустафин Девлатмирза а. Элана гонаха бара нохчийн эпсарш а, кху гондӏара йуьртдай а. Цкъа, воьдий, командующина улло оьккхуш, йуха, дӏахьодий, элана велакъежаш, каде хьийзара майор Мустафин Девлатмирза а.
Доча-Борзерчу йуьртдас хьошалгӏа чукхайкхира лекха хьеший. Амма Свистуновс йухатуьйхира иза. Хьошалгӏахь хан йойъу зама йацара хӏара. Элаца Накашидзеца йуьстахвелира инарла.
Полковнико доцца дийцира шен Ламанан Дегӏастанан отрядан бӏаьхаллин кечамах лаьцна.
– Веа эзар стагал алсам йолу дегӏастанхойн милици карзахечу йарташна улло дІахІоттийна ас, – дозаллица дуьйцура Накашидзес. – Уьш кийча бу муьлххачу минотехь, йарташна чу а лилхина, уьш, йохийна, лаьттаца дӏанисйан. Суна хетарехь, хьо кхуза варо нохчмахкахошна хаийтина шайна кӏелхьардовла некъ боцийла.
– Ткъа ойланаш муха йу хьан туземцийн?
– Тӏехдика! Дика латахь, ахь шайна нохчийн латта лур ду аларо дегнаш айъина церан. Ӏаьлбага къайлах шайна йукъайаржо прокламацеш а соьга схьало.
– Вайна дуьхьалйевлла йарташ тало бакъо ло царна. Мятежникех стаг вийначунна, уьш резабеш, совгӏат кхайкхаде. Ма-хуьллу мостагӏалла долла шина къомана йукъа.
Накашидзес корта таӏийра:
– Кхета со, хьан локхалла. Цӏе лата кечйелла лаьтта Дегӏаста а, нийсса аьлча, летта-кх. Хьалхарчу дийннахьехь ӏаьлбагах дӏакхетта шун областера салатавхой. Стомара гӏевттина Чӏебарлойн дозанашца беха гумбетхой. Селхана вахна, Сиух а, ах эзар стагах йолу гумбетхойн арданг а йохийна ас. Везткъа стаг вийна, цхьаъ ах бӏе йийсаре лаьцна. Суна хетарехь, кхин корта ойъур бац цара.
– Йисинчу округашкахь муха ду гӏуллакх?
– Хӏинца цкъа-м тийна ду.
Шен карара йуьйцина шед тоьхна, некъа йисте даьллачу петӏаматан корта хадийра полковнико.
– Йуха а боху ас, хьан сийлалла, – элан пхьарс лецира Александр