Тӏебогӏу кхерам ца хууш, парггӏат ӏаш хила тарло хӏорш тӏебоьлхучу Зандакъара бахархой а. Яков Степановича дагахь Деле доьхура кхерам гергахиларан хаам цаьрга дӏакхачийтар.
Шелана уллохь эшам хилла, йухаваьлла, шен жимачу йуьрта Симсара вирзина ӏаьлбаг лаца арайаьллачу Хаси-Юьртан отрядан авангард йу хӏара. Коьрта ницкъ кхана хьалакхача безара. Ӏаьлбаг лаьцна йа шен туьшара эккхийна, Даьттахехула, Гендаргнехула Бена хьала Свистуновна дуьхьалйаха йезара хӏара отряд.
Яков Степановича сема ладоьгӏура ӏаьлбага дӏа мел боккхучу коге. Майртуьпана уллохь тӏом хилча, массо отрядашкахула эладита даьржинера, цигахь ӏаьлбаг вохийна аьлла. Амма Абросимовна дика хаьара къоначу имамо полковникан Нуридан отряд эккхийна Гермачига йигна хилар. Оцу деношкахь цо дукха сатийсинера ӏаьлбага, тӏаьхьара ца волуш, и отряд йохийна дӏайаккхаре. Стенна делахь а, иза ца хилира. Имамо оцу деа-пхеа дийнахь дийлийтинчу цхьамогӏа гӏалаташа оьрсийн командованин аьтто хилийтира. Нохчийчу боккха ницкъ озарал сов, арен тӏера цхьамогӏа йаккхий йарташ, кхерамаш туьйсуш, тхьамданаш оьцуш, гӏовттамхошна дуьхьалйаха.
Шелахь хиндерг хьалххе дуьйна гуш дара Абросимовна. Нохчийн оцу йоккхачу йуьртахь шозза хиллера иза. Цигахь хиллачара Нохчийчоьнан Париж олура цунах. Баккъал а, нохчийн кхечу йартел йоккха хилла ца ӏаш, уггар а хьоле йурт йара иза. Шемалан гӏаттам хьаьшначул тӏаьхьа даьллачу кху берхӏитта шарахь хийцаделла цуьнан амат. Кхузахь маситта туька йара, шайн дай совдегарийн гильдийн членаш а болуш. Цара кхуза товараш кхоьхьура Москвара, Петербургера, Казанера, Одессера. Дукхахболчара шаьш-м муххале а ца бора шайн туьканашкахь мах, товар схьакхехьа нах а бара церан йолах лецна. Хьалдолчу совдегаршкара товар а оьцуш, шайна лавканаш йехкинера дуккха а баккхалчаша. Могӏарчу нохчашна маситта новкъарло хӏоттийна ӏедало шайн гӏуллакхашна Грозный баха. Цундела Нохчийчуьра берриг бахархой бахамехь оьшург эца, шайн карайеана шай-кай йохьуш, Шела богӏу. Туьканел сов, хӏор а пӏерсканан дийнахь йоккха базар а хӏутту цигахь. Цундела, Шелахь а, цунна гондӏарчу йарташкахь а кхоллайелла