мегара, ткъа европейцашна шаьш ден талораш цӏийх а, тӏамарх а доьлла, уьш Азе, Африке, Америке, Австрале баьржина, талораш деш. Амма европейцаша шаьш оцу мехкашкахь лелочунна кхин цӏе тиллина: цивилизаци.
– Нохчашна къинхьегам безац, ӏедал дезац, уьш, цхьана а ӏедална, законна кӏел боцуш, къоланаш деш, талораш деш, адамаш дойъуш, разбойникаш санна, шайн лаамехь баьхна нах бу бохуш, дуьйцу хеза, – долийра цо. – Хӏета, оцу тӏулгийн лаьмнашкахь бошмаш кхиийнарш, бӏешерийн йуькъачу хьаннашкахь кхаш даьхнарш муьлш бу? Вайн «хьекъалчаша» ма-дийццара, и «акха нохчий», тарраш лестош, вовшийн бойъуш, къоланаш деш леллехь, уьш-м тоххара хӏаллакьхилла хир ма бара!..
Законашний, ӏедалний кӏел баха ӏемина бу уьш. Амма царна муьлхха ӏедал а, законаш а ца деза. Нохчийн законаш – цивилизованни халкъийн санна, пункташкахь йаздина дац. Ас дуьйцург къоман гӏиллакх ду. Иза дукхе-дукха тера ду дехий, кӏоргий долчу орамашца и йерриг йукъаралла, хӏор а стаг марахьарчийначу зоьрталчу диттах. Гӏиллакхо нохчо декхарийлахь во жимачо воккханиг лара, жимачун адамаллин сий лардан. Муьлххачу а воккхачу стеган бакъо йу муьлхха а гӏуллакх шел жимачунна тӏедилла, иза кхочушдайта. Ткъа воккхачун декхар ду жимачунна эшначохь, цунна орцахвала а, цунна хьалхара ӏожалла тӏеэца а. Нагахь нохчочун хӏусаме хьошалгӏа ур-атталла мостагӏ а вогӏу-кх, оцу хӏусамехь мел ӏа, хӏусаман доттагӏ а, ваша а ву иза. Муьлхха а хьаша ша дӏаваххалц оцу хӏусамехь коьрта лору, ткъа доьзалан членаш хьешан гӏуллакхна кийчча дӏахӏиттина хила беза. Нагахь оцу хӏусаме веана хьаша хӏусамдайн мостагӏ велахь а, и шайн мостагӏ ларвеш, хӏаллакьхила веза хӏусамда. Вийначу хьешан чӏир цуьнан гергарчара ца йоькху, ткъа иза тӏевоьссинчу цуьнан хӏусамдайша йоькху. Нагахь хьешана къола динехь, иза меттахӏоттор а хӏусамдена тӏедужу. Ша тӏевоьссинчу хӏусамерчу зударшка йамарт бӏаьрг хьажийначу хьешан эхье цӏе йоьду берриг махкахь. Цунна некъ боьхку массо хӏусаме. Уггар эхьечу, даккхийчу зуламех цхьаъ лору, нехан зудчух, йоӏах куьг тохар-м хьовха, цуьнан коч лацар а. Дашца а, гӏуллакхца а зуда сийсазйинчу стеган вахар дац. Иза мел гена