– Ахь дуьйцурш, Василий Иванович, адамийн йукъараллин хьалхарчу тӏегӏанна тӏехь хуьлу гӏиллакхаш ду, – элира ас ларлуш. – И гӏиллакхаш лардан, нохчий оцу тӏегӏанна тӏехь баха беза. Амма цивилизацис шен гӏуллакх до. Керчаш, хьалха дӏаоьху историн чкъург сацалур йац…
– Со кхета хьо ала гӏертачух! – йукъахваьккхира цо со. – Адамийн патриархальни-тайпанийн йукъаралла ӏалашйан суна лаьий-те, боху ахь. Хӏан-хӏа, Яков Степанович. Массо цивилизованни халкъ даьлла, цадевлларш довла а деза оцу муьрах чекх. Со цивилизацигахьа ву, амма сацамболлуш дуьхьал ву иза тӏаьхьадисинчу халкъашна йукъа цамзанашца, нуьцкъах йаржорна. Вайна ма-хаъара, европейски «цивилизаторша» цӏийн лараш йитина Азехь, Африкехь, Америкехь, Австралехь. Цивилизаци йаржайо бохуш, цигахь дуккха а халкъаш хӏаллакдина цара. Ткъа, лиънехь, европейцийн аьтто бара, цӏий а ца ӏенош, ницкъаш а ца беш, цигара халкъаш цивилизаце даха. Масала, школаш, больницаш, заводаш, фабрикаш йохкуш. Ткъа иза ца дина хӏинццалц схьа цхьана а колониальни пачхьалкхо. Тӏе, Яков Степанович, цивилизованни халкъ барт боцуш, оьздангаллех доьхна хила деза аьлла а ма дац. Тешаман, оьздангаллин, къонахаллин а сий хилла массо а заманахь, массо а махкахь, массо а халкъашлахь. Хила а хилла, хир а ду даим. Ткъа вайн администраци гӏерттане а ца гӏерта кхузахь уьш лардан. Кхузахь дӏакхехьна вайн правительствон а, Шемалан а политика ӏаламат дика гайтина Николай Александрович Добролюбовс берхӏитта шо хьалха цо йазйинчу статья тӏехь[15]. Цхьана агӏор – вайн инарлаша а, чиновникаша а, вукху агӏор – Шемалий, цуьнан наибаший вовшашна мотт бан, йамартло йан ӏамийна нохчий. Изза политика вукху агӏор дӏакхоьхьу цигахь таханлерчу вайн администрацис а. Хӏетте а, вайн мундирни моралисташа хӏуъу дийцахь а, нохчийн халкъ кхечу халкъел цхьа чо а вон дац. Шеко йац и халкъ хьекъале хиларан. Хӏинцале а дуккха а нохчий бу кавказски интеллигенцина йукъахь. Школашкахь а, гимназешкахь а доьшуш болу нохчий хестийна а ца бовлу хьехархой. Йуха а боху ас, айпаш доцуш бац нохчий. Господино Семеновс чӏагӏдарехь, муьлхха а могӏара нохчо схьа а лаьцна, цуьнца къамел