туьйхира Коьрас. Амма лаха чуьра хьалатоьхна тоьпан хӏоъ, шен коьртара куй а морцуш, тӏехтилча, саьнгар чу иккхира иза.
– И нах хьерабевлла, ӏаьлбаг! – тӏевеара Къайсар. – Вайн масех стагана чов йина.
– Вала тӏе хьалагӏертачарна тӏе тоьпаш тоха, – эххар а омра дира Іаьлбага.
Шаьш кхоор доцийла хиъча, шайх вийна цхьаъ а, чов хилла масех а вадийна, йухабевлира зандакъой. Уьш гучуьра бевлча, ӏумар шена тӏекхайкхира ӏаьлбага.
– Говра а хаий, гӏой, йуьртана го тасал. Хехой а битий, нах хӏума кхалла бахийта ала бӏаьнчашка.
Маьркӏаже тӏекхаьчна йаьллера. Цхьана сохьтехь хиллачу кхийссарша цӏенош чу боьхкина бахархой урамашка арабевлира. Ӏаьлбагъгӏарна генавоццуш, топ пхаьрса кӏел а лаьцна, меллаша хьалха дӏавоьдура тишачу кучах йаьккхинчу цӏечу асица корта а бихкина, оцу буьххье месала куй а хаийна суьйли Хьайбулла.
– Чов вон-м йац? – хаьттира, шаьш тӏекхиъча, ӏаьлбага.
– Вон бац, – куьг ластийра Хьайбуллас. – Лерг бохийна. Толур бу.
Пхьор диъна, шаьш паргӏатдевлча, кханенан гӏуллакхаш дийцаре дан буьйлира доттагӏий.
– Тховса ца латахь а, кхана эскар тӏелетар ду вайна. Ха ца чӏагӀдича дер дац, – элира Коьрас.
– Буьйсанна схьагӏертар хир бац уьш.
– Хьанна хаьа. Дагахь доццург ма леладо цара.
– Суна хетарехь, вайх къинхетам бан ойла йац-кх церан, – элира шен йоьхна неӏармача летош воллучу Къайсара.
– Къинхетам? – схьавирзира дехьахь, жайнаш кегош, цхьаъ лоьхуш воллу Іаьлбаг. – Нагахь бертахь йа бертаза карагӏахь, цхьадолчарна кийчча тангӏалкхаш йу, бисинчарна – Сибрех. Гӏаттаман тхьамданашна бохий ас-м.
– Дала хьеха, – оьгӏазе йу таӀийна, мачин эвнех ӏуьрг эккхийтира Къайсара.
Гоьла тӏе баьккхина ког ловзош, аркъалтевжина ӏуьллу Коьра охьахиира.
– Хӏумма а дац, кӏентий! Харцонца къуьйсуш Іанийна цӏий цкъа а эрна ца дов. Къийсамо, мел кӏезиг эшийна а, харцо эшайо. Дийна висинчунна, мелла йаьлла а, маршо йалаза йисац.
– Хаац, шеконе гӏуллакх ду дан-м.
– Духур дац вай. Хьанна хаьа, вай ца къарлойла хиъча, ша Іуьйду къамкъарг жимма малйаза ӏийр дац ӏедал, – когаш чучча а бохуьйтуш, Коьрина улло охьахиира ӏаьлбаг. – Ткъа, ваьшна тӏехь дин-динарг ловш, таьӏна Іахь, садукъийна, дойъур ду.