догӏано ткъазбаьхнера салтий, буькъачу хотто когаш лоьцура. Хоттан уьйриг хиллера йаккхийчу тоьпийн чкъургех а. Говрашна йазйелла уьш хаддаза тетта дезара.
Малхбузучу хенахь халла Акхташ-Эвла къаьчначу отрядан цигахь буьйса йаккха дийзира. Амма синтеме йацара и дуьххьарлера буьйса. Догӏа а, шело а, хатт а тергал ца беш, йуьртана тӏелетачу гӏовттамхоша, хаддаза тӏе тоьпаш йетташ, охьабийша ца буьтура салтий.
Оццу хьолехь йара Зандакъа йеана отряд а. Салтий четаршна чу а тарбина, буьйса йаккха эвла йисттерчу цӏеношка бахара эпсарш. Ши-кхо де хьалха ротин командир хӏоьттина капитан Рихтер а, Абросимов а тарвелира цхьана воккхачу стеган хӏусаме. Маршалла а хаьттина, сихха чу а кхайкхина, и шиъ хьешан цӏа чу дӏатарвира ткъе иттех шо хенарчу хӏусамден кӏанта. Хӏара шиъ паргӏатволлушехь, чуйеанчу къоначу зудчо товханахь цӏе латийра. Арахь схьалецначу котамийн маьхьарий девлира. Схьахетарехь, хӏусамден кӏант хьешашна хӏайте гӏайгӏа беш вара.
Хӏусам билгалйаьлча, Абросимов цхьа а витина, шен салтий дӏа муха тарбелла хьажа вахара капитан. Яков Степанович дукхазза а хиллера нохчийн хӏусамехь, амма кху мехкан маьӏ-маьӏӏехь бехачу бахархойн хӏусамаш, Іер-дахар а башхалла йолуш хуьлу дела, иза леррина хьежа хӏоьттира цӏа чуьрчу йийбаре. Башха хийцам болуш хӏумма а дацара. Кир тоьхна поппаран цӏена пенаш. Хьала поппар хьаьхначу тховх цӏечу ашанца йехкина чолхе йоцу орнаменташ. Лакха мел йолу гатлуш, тховх йоьдучу товханна тӏехь бархӏ са болу масех седа а, бутт а. Дуьхьал пенаца дохалла диллинчу лохачу гӏанта тӏехь кӏайн гӏели диллина цӏестан кӏудал, гӏумгӏа. Пенах оьллина кхо ког болу цӏестан шун. ТІе къорза истанг тесначу поппаран маьнганан цхьана йистехь тӏекӏелйоьттина мотт-гӏайба. Маьнгица дӏа болчу пенах тоьхначу куза тӏехула оьхкина топ, тапча, механа деза доцу, амма дика тур а.
Товханара цӏе марсайаьлча, цунна хьалха а лахвелла, куьйгаш дохдан хӏоьттира Абросимов. Ша вогӏийла хаийта, йайн йовхарш тоьхна, цӏа чу велира къона хӏусамда. Коьртара схьабаьккхина куй, чу ши куьг доьллина, дӏасатоьхна, тӏера хи а дожийна, схьахьажавелча, шен хьаша голаш тӏе лахвелла а гина,