Цуьнан генеральни планан хьалхарчу меттехь дара кхузарчу бахархойн куьйгашца ӏаьлбаг а, цуьнан тоба а схьалацийтар. ТІаккха правительствона некъ болура, и гӏевттинарш туркойн бартахой а, динан фанатикаш а бара, цундела церан къомах болчу патриоташа уьш шайн куьйга хьаьшна дӏабаьхна ала. Доцца аьлча, и гӏуллакх нисделча, Александр Павловича цкъа тоьхна ши пхьагал йуьйра. Амма иза хӏинца цкъа ваьшта ца догӏура. Шайн хьал а, йукъараллин дарж а ӏедалх дозуш болу туземцаш доггах гӏуллакх деш йа дан гӏерта моттуьйтуш, цІоканна чуьрабевлла хьийза. Амма хьанна хаьа церан дагахь дерг, цхьа хало киртиг тӏехӏоьттича, цара хӏун дер? Туземни эпсарех цуьнан тешаран а ду доза. Уьш, меттанаш даьхна, цІоганаш лестош лелахь а. Ала хӏума доцуш, дика гӏуллакх до прапорщико Умаевс, поручико Ашаевс. Амма Александр Павлович тешац царах а.
Отряд Даьттаханий, Зандакъаний йуккъерчу Гӏелаш-Коьрта йаьлча, цунна хьалха схьайаьржира йуькъачу хьаннашкахь, боьранашкахь къайлайевлла зандакъойн йерриг йарташ. Симсара ӏуьллура Аьккхан, Нохчмехкан, Салатавин а дозанаш цхьаьнахӏитталучохь. Цигара цхьана агӏор дӏасайаьржина йуькъа хьаннаш, хин кӏорга тогӏеш, ткъа малхбалехьа – дерзина, лайно хьулдина кортош мархашла а ӏиттина, буьрса лаьмнаш лаьтта. Баккъал а, гӏаттам кечбан, арахьа зӏе латто аьтто болчохь йара Симсара. Амма Свистунов паргӏат вара хӏинца. Ӏаьлбаг цунна тарвеллера дуккха а таллархоший, ераший гонна йукъа хьовзийначу экханах. Тахана иза, йа дийна, йа вийна, цуьнан карахь хир ву. Вада ков ма дац цунна!
Диламна уллора схьа йаккхийчу тоьпийн дур хезара. Свистунов тешна вара оцу сохьтехь гӏовттамхойн берриг а ницкъ цига дӏаоьзна хиларх. Цуьнан отрядо атта дохор ду кхузара лаьхьарчийн баннаш.
Цхьа а тайпа дуьхьало йоцуш, Байтарке кхечира Коленкон отряд. И жима йурт йаьсса карийра. Урамашца а, йа керт-ковхь а гуш дийна са дацара. Кхузахь сийсара а дехаш адамаш хилла хиларна тоьшалла дора, кӏорнеш тӏаьхьа а хӏиттийна, некъашца йежаш лелачу котамаша а, керташ тӏехьара схьа дера летачу жӏаьлеша а. Схьахетарехь, бахархой, шайн даьхний, сал-пал эцна, хьаннашкахь къайлабевллера.