Винчу йуьртара килс дукха къен йара, хӏокхуьнга хьаьжча.
Амма тахана хӏара килс а, амвона тӏехь къагаме кечвелла мозгӏар а гича, цхьанхьа генахь, цуьнан деган кӏоргехь, цхьакӏеззигчу йукъана самайелира маццах дӏайахана бераллин, къоналлин зама. Дела а вацара цуьнан даг чу воьссинарг, ткъа хӏокху суьртаца бозабелла генара даймохк а, бералла а, да-нана а дара. Тӏаккха, жимма ӏийча, и бугӏанан ворта а, шуьйра накха а болу мозгӏар хьехамаш бан воьлча, меттавеара иза. Хӏун дуьйцу ткъа оцу мозгӏаро шен кӏеда-мерзачу мукъамечу озаца? Мацах цкъа Васал килсе лелачу хенахь, цунна а, Васалал хьалха цуьнан ворхӏе дайшна а мозгӏаро бина хьехам ма бац хӏара. Даллий, килсаний, паччахьний, помещикашний, ӏедалний муьтӏахь хила, болх Далла тӏе а биллий, дуьненан баланашна сатоха, собаре хила бохуш а ма ца дуьйцу хӏокхо? ХІокхуьнниг кхин зурма йу: нохчий – акха адамаш, керстан динан а, оьрсийн а мостагӏий бу, уьш цІозах тера лам чуьра охьабогӏу, цара кхузара берриг оьрсий бойъур бу, зуда а, бер а, къен а, къона а ца вуьтуш…
Меттавеача, цецваьлла Васал гондӏахьа дӏасахьаьжира. Бурконехь мела лестара чӏурамашна буьххьера цӏеран меттанаш. Хӏоьттинчу тийналлехь хезара кхерабеллий, оьгӏазбаханий, хьаьсарта баханий наха сихдина доьӏу синош. Дукхамма а ламазна пӀелгаш деттара – хьаьжах а, белшех а. Наггахь зударша, дукхахдерг – шайн кочалла, хӏинкӏ-хӏинк деш, бӏаьргех кегий йовлакхаш а хьоькхура.
Хӏара адамаш теша-те мозгӏаро дуьйцучух йа хӏокхарна бен-башха бац-те шайн маршонехьа гӏевттинчу нохчийн кхоллам?
Хьехам а, ламаз а чекхдаьлча, оцу дӏаьвшечу бурконера дӏасихвелира Васал. Арадаьлла адам дӏасадаха ца туьгура. Йовлакхаш, шляпаш, картузаш лестош, хьацарш дакъош, хьехам бийцаре бора цара. Ишттачех цхьана тобанна йуккъехь мозгӏарал а чуьраваьлла хабар дуьйцура лохачу, резинкин буьрканах терачу горгачу господино.
– Тӏех къинхетаме йу вайн правительство, – сих-сиха аьтту бӏаьрга тӏера куьзганан бӏаьрг а сецош, цІогӏане мохь хьоькхура цо. – Тоххарехь, дикка хьалха, чекхдаккха дезаш хиллера цаьрца дерг. ХІокху аренца цхьа а стаг ца вуьтуш, лаххьийна лам чу ца боьхки.