мерана шина а агӏор охьа, мекхашна тӏехула бага оьхучу хьацаран дуьрачу тӏадамаша гуттар марсайохура хьогалла. Кес чекхдаккха гӏерташ, дикка садиттира Мӏаьчига. Амма йукъ-йукъа хьалха нислучу къоначу синтарший, цаторуш санна, кхиъначу гӏундалгӏаший ка ца йолуьйтура.
Цкъацкъа ойла хуьлура Мӏаьчиган, мангал варша а тесна, цӏехьа шарша. Амма вуьшта а кӏезигчу цанин асанах хьалхайисинарг йухавогӏуш къахьега хӏума йацара. Пхьаьрсашкахь жимма а ницкъ болчу стага иттех минотехь хьокхур йара иза. Ткъа, чӏораш санна, дуткъачу Мӏаьчиган пхьаьрсашна доккха кха хиллера цунах.
Хье кхехкош, тӏехьоьжучу малхе хьалахьаьжира иза. Делкъан ламазан хан хуьлуш йоллура. Хьацаро чоьш вовшехлетийначу мекхашна дӏасхьа куьг а хьаькхна, дог а диллина, мангал лесто вуьйлира Мӏаьчиг.
Цуьнан ирзона дуьхьал, дӏо басахь, йол тӏегулйеш, такхораш деш а, ворданаш тӏе йуттуш а белхаш беш божарий а, зударий а гора. Ӏуьйранна Мӏаьчиг кхуза веъчхьана, минотана а садаӏа ца севццера уьш. И адамаш Хортӏина белхех даьхкинера. Нийсса аьлча, цо нуьцкъах далийнера-кх. Ӏаьлбаг-Хьаьжин эшам хилча, йуьрта йухавирзинчу Хортӏас дог ӏабийра йуьртахойх. Дуьххьара кхуза йеанчу салтийн отрядо Акхтин, Янаркъин, Лорсин, Аьрсмирзин, БІаьштиган цӏенош дагийра чим беш. Церан доьзалш лецна дӏабуьгучух кӏелхьарбевлира, хьалххе бевдда хьуьнхахь къайлабовлар бахьана долуш.
Амма гӏовттамхойх дӏакхеттачу бисинчу гатийуьртахойн доьзалш хьалха ца бевлира таІзарх. Царах уггар къармазе хетачех итт жима стаг амалтана дӏавигира. Хортӏас сацамбира йуьртахошка хӏоьттинчу хӏокху киртигах пайдаэца. Таӏзарна ӏедале дӏабала кхерам туьйсуш, хӏорш денна шен бахамехь а, кхаш тӏехь а бацабора цо. Тахана хӀокху кӏуркӏамечу дийнахь Хортӏин докъар чудерзораш а бара и пекъарш…
МІаьчиган ойланаш хьаьвззина Коьрина тӏе йирзира. Шийтта шарахь сатийсира цо кӏанте. Дийна ву-вац а ца хууш. Амма дог ца дуьллура. Кӏантах догдиллича, валий бен са дацара цуьнан. Иза вара къена Мӏаьчиг дахарх тийсаволуьйтург. Коьра а ца гуш, валарна кхералора, корта лезна а, шена сиркхо кхетча. Сатуьйсура иза даймахка йухаверзаре. Цунна зуда а йалийна,