дацара. Хӏара гӏаттам болабелчхьана, шоззий бен ца гина цунна иза. КІетӏахула говр-бере чекхволуш а, шега цхьаъ кхайкхича а, са кӏажийн пхенаш чу хьоду. Вийна аьлла вогӏу-те, йа лаьцна аьлла, веа-те бохуш…
МІаьчига мангал тоьхча, цхьа хӏума цӏевзира. Мангалан йуьхьигца буц тӏекӏелйаьккхича, хьозанан кӏорнеш карийра цунна. Цхьаъ йуккъехула йекънера цо, вукхуьнан корта хадийнера. Генадоццуш кулла тӏехь Іадийна мохь хьоькхура церан нанас. Меллаша голаш тӏе а лахвелла, тӏера пхьарчо а балаза, цӏеша йуьзна, хӏинца а йовха ши кӏорни кара а лаьцна, цаьршинга хьежа хӏоьттира иза. Кӏорнийн гӏорасиз цӏийзаро а, нанас хьоькхучу маьхьаро а даг чу туьйсура тӏом болчу хенахь хийлазза шен а, нехан а дохийна баннаш, декъий, зударийн маьхьарий. Хӏетахь МІаьчигагӏаьргахь хилла бала бу-кх хӏинца хӏокху жимачу доьзале хӏоьттинарг а…
Шегара даьллачу зуламо дог дохийна Мӏаьчиг, мангал бӏаьллинган бурсанечу кондаршна йукъа а боьллина, шен чоа тӏе а кхоьллина, йаьсса чІуьжалг кара а лаьцна, ӏаьрчхе чу охьаволавелира.
Адам хир дац аьлла хета меттиг а къастийна, чхара тӏе чоа а кхоьссина, бертал воьжна, ӏаббалц хи мелира Мӏаьчига. Тӏаккха, тӏулга тӏе охьа а хиъна, ша санна шийлачу хи чохь, вовшехъхьекхош, когаш ловзо хӏоьттира иза. Тӏулгашна йукъахула, хьийзаш, тӏехула кхийсалуш, чехка догӏучу сирлачу хино, дегӏе ницкъ луш, дог йуха паргӏатдаьккхира цуьнан. Гондӏа адам дацарх тешна, цхьа йуьхьиг озийна, хуьнжар а даьстина, хеча охьа а йожийна, боккхачу чхара кӏел хӏоьттинчу айми чу а ваьлла, канашца схьаоьцуш дегӏах хи а хьаькхна, кӏез-кӏезиг лахлуш, хи чу вуьйлира иза.
Дикка чукерчаш а ӏийна, хьалаваьлла, шен беркъа барзакъ тӏе а оьзна, ламаз эцна, бай болу меттиг лехна, къилбехьа а вирзина, ламазна дӏахӏуттушехь, лакха гу тӏера схьа Расун мохь хезира цунна.
– Ва-а-а нах, чехкка йуьрта дуьйла! Йуьртдас Хортӏас цӏа кхойкху шу! Полконак вогӏу, боху! ЦІа ца веанчунна таІзар дийр ду, боху!
Цхьадолу дешнаш кег а деш, сихдина, мухха а ламаз чекх а даьккхина, ӏинца хьала некъа тӏе хьаьдира МІаьчиг. Новкъа ваьлча, цунна дуьхьалкхийтира сихачу боларахь, хьацаран кӏур хилла, регӏехьа хьалавогӏу Янарса.