бохуш. Кху тӏаьххьарчу хенахь Мӏаьчиг ца кхета хийцамаш хиллера. Йа хӏара керста паччахь а, цуьнан хьаькамаш а бусалбанаш хиллера а, хаац, йа хӏара нохчийн молланаш керста дине бирзинера а, хаац. Доцца аьлча, бертабахана-кх хӏорш.
– Тхан хьомсара полконак! Кху Нохчмахкахь-м хьовха, йерриг Нохчийчохь а, Гӏалгӏайчохь а хир бац гатийуьртахойл паччахьний, ӏедалний муьтӏахь нах, – дуьйцура Товсолта-Хьаьжас. – Кху йуьртара цхьа масех къутӏа ца дагардича, тхо дерриг, паччахьо а, ахь а аьлча, сийначу цӏергахь дага а кийча ду. Оха декъалво хьо, хьомсара полконак, хьо а, хьан эпсарш а, хьан салтий а тхешан махка тӏехь, тхешан йуьртахь…
Асхьада гочдира цуьнан къамел. Амма синтем байна ладоьгӏучу Батьяновс куьг тесна сацийра хьаьсарта вахана Товсолта-Хьаьжа.
– Хаза дуьйцу ахь, хьаьжа, – корта а теӏош, кӏоршаме велакъежара полковник. – Ахь ма-дуьйццу делхьара, тахана тхуна дуьхьалвеънарг ши-кхо бӏе стаг хир вара. Мичахь бу шун боьрша нах? Хьоьга хоьтту ас, йуьртда!
Хортӏа Асхьаде хьалахьаьжира.
– Нах кӏезиг хӏунда гулбелла, ӏаьлбаг-Хьаьжица дукха баханий бохуш, хоьтту цо, – гочдира кӏанта.
Дакъаделлачу балдех мотт а хьаькхна, цхьана кога тӏера вукхунна тӏехӏоьттира Хортӏа.
– Цхьа шовзткъе итт стаг вахана, алахьа. Цхьаберш хьуьнха бевдда. Ӏаьлбаг-Хьаьжа бохучу оцу туьлликана тӏаьхьабаханарш йуьрто нажжазбо, алахьа…
Асхьаде ла а доьгӏна, нахана тӏевирзира Батьянов.
– Иштта шайн бехкана шу къера делахь, цӏа а гӏой, шайн герз схьа а эций, тхуна хьалхадовла. Кхийтин шу?
Полковникан къамел гочдича, нах тапъаьлла дӏатийра.
– Дист хӏунда ца хуьлу шу? – аз айдира Батьяновс.
Тобанна йукъара схьа хьалхавелира Акхболатан Ахьмад.
– Тхо мича дига ойла йу, хаттахьа цуьнга, – элира цо Асхьаде.
– Полковнике хетта ца оьшу иза-м. Ӏедална дуьхьалбевллачу нахах лата дуьгу-кх.
Ахьмада корта хьовзийра.
– Хӏета, тхо догӏур дац, ала цуьнга.
Батьянов оьгӏазвахара.
– Хӏунда ца догӏу шу? Хӏинцца дац, шаьш ӏедална муьтӏахь ду бохуш, аш чӏагӏонаш йеш?
– Іедална муьтӏахь долу дела, ду тхо тхешан цӏахь, – паргӏат вистхилира Ахьмад. – Тхайн кхин ойланаш йелхьара, тхо ӏаьлбаг-Хьаьжица хир дара. Тхоьга ма лецийта ӏедална