лаамхойн отрядаш вовшахтоьхнера пурстоьпаша Пруссаковс а, Ойшиевс а.
Залмин Дада сихха Органан лакхенга хьажийра Іаьлбага.
Оцу буьйсанна маьӏ-маьӏӏера орца кхечира царна. Шолгӏачу дийнахь ӏуьйранна хьесап дича, кхо бӏе тӏемало вара цуьнан байракх кӏел.
Шен гӏоьнчашца цхьаьна дукъ а теллина, цуьнан чӏогӏий, мелий меттигаш билгал а йина, Яьссин берда йистехь сецира ӏаьлбаг.
Лахахь, готтачу тогӏи чохь, сетташ, гӏергӏаш, аренга сихделла доьдура Яьсси. Масех де хьалха ломахь даккхий догӏанаш доьлхуш, дистина деанчу цо текхийна чхернаш а, орамашца бухдаьхна пепнаш а гора тогӏи йуьйдина.
Кхузара дӏахьаьжча, керайуккъехь санна, шера гора тогӏица хьалий, охьий йолу йарташ. Шена орца мичхьара догӏур-те бохуш санна, царах хӀорранга а бӏаьрг туьйхира ӏаьлбага. Тӏаккха, доккха са а даьккхина, чоин тӏемаш хьарчийна кӏел а дохуьйтуш, голаш тӏехь шаьлта а нисйеш, охьахиира.
Шен карара кӏезиг ницкъ дукъа тӏехь дӏанисбан хьалххе дуьйна ша сацам тӏеэцнехь а, гӏоьнчех дагавала а дезара цуьнан. Хьалхара дош делира массарал воккхачу Солтмурдана.
– Хӏара агӏо тешам болуш йу вайн, – элира Солтмурда, бердехьа корта а тесна. – Суна хетарехь, берриг ницкъ ӏиси-Юьртехьа хӏотто беза.
– Шоьнахьа агӏонна хӏун до ткъа? – хаьттира Къайсара.
– Цигахула тӏегӏоьртур бац уьш.
– Хӏоъ-молханца муха ду гӏуллакх, Коьра?
– Дика дац.
– Кхоо дезар ду.
– Мел кхоорах, тоьур дац, тӏе ца дахьахь.
– Мичара?
– Гӏоьрдалахь Чомакхан кертахь масех черма молха ду, боху. Вайнехан милцошна деана.
– Муьлш бохуьйту цига?
– Баха луурш.
– Со гӏур ву цига, – элира Къайсара. – Бодаш а болийтина.
Шайн синойх догдиллинчу наха деха ца дора къамелаш. Дукхахдерг дийцале а кхеташ дара.
– Коьра, ахь хӏун олу? – хаьттира Іаьлбага, доттагІчуьнга хьала а хьаьжна.
Охьа а ца хууш, Яьссичу а, дукъан когашка а бӏаьрг бетташ, шен дагахь цхьацца хьесапаш деш лаьтта Коьра накъосташкахьа вирзира.
– Цхьана агӏор бакълоь Солтмурд. Амма мостагӏ а вац сонта. Цунна хаьа, меттиган чӏагӏонах а тешна, вай иза ледара йуьтур йуйла. Гимра, Ахульго, Гуниб а йаьхначу салташна хӏумма а йоцург йу хӏара берд. Цундела, кхин йукъ ца йулуьйтуш, сихха чІагӏдан деза хӏара дукъ.
– Хӏета,