– Бехк ма биллалахь, ӏаьлбаг… Халонах, ӏожаллех кхеравелла дац хьуна хӏара… Кху цхьана-шина баттахь шу чӏогӏа дезаделла суна. Вежарел а тӏех. Михаилан цӏарах а олу ас. Тхойша цӏеххьана ца ваьлла шуьгахьа. Йехха ойланаш а йина, ваьлла. Халонаш хир йуйла а хууш, лийр вуйла а хууш. Россе вахна, цхьанхьа лечкъина ӏойла ма дац тхойшиннан. Цигахь а бу хӏарра къийсам. Масех бӏе шо хьалха дуьйна схьа. Муьжгий гӏовттуш, ӏедало уьш бойъуш, Сибрех хьийсош. Цигахь хилча а, хир вара тхойша къийсамхойн могӏарехь. Кхузахь шуьца хилча а, цаьрца хуьлу. Башхо а йац. Вай массара а ловш дерг цхьа Іазап ду, вайн массеран йукъара мостагӏий паччахьаш а, хьоладай а бу. Вай массеран а ӏалашо – маршо йу. Хӏан-хӏа, ӏаьлбаг, шух къаьстар вац тхойша. Хирг цхьаьний хир вайх.
Юсупа къамел гочдича, ӏаьлбаг хаттаре Михаиле хьаьжира.
– Сан доттагІчо Янкас ма-аллара: «Маршо йа Іожалла!». Кхин некъ бац, – жоп делира Михаила.
Ӏаьлбагна хиира, дехаршдар а, къийсар а эрна хир дуйла. Ши оьрси роггӏана мара а къевлина, цаьршиннан белшаш тӏе куьг тоьхна, вист ца хуьлуш басах хьалаволавелира иза.
Цхьа хан йелира бухахь бисинарш бист ца хуьлуш.
– Майра кӏант ву вайн имам, – элира Елисейс, ӏаьлбаган букъ хьуьна чухула дӏатилча. – Со теша, хӏинца а цо толамца вай кӏелхьардохург хиларх.
– Дала мукъалахь!..
Шоьнан агӏорхьара схьа дукъа кӏел шиъ-кхоъ топ йелира. Хӏокху агӏонна тӏехь детта дагарш севцира, кӏез-кӏезиг совцуш.
– Хӏун хилла-те? – хаьттира Юсупа ша-шега, тӏаккха, лакха хьала а вирзина, мохь туьйхира: – Во-о Янаркъа!
– Во вай!
– Хӏун ду цигахь хилларг?
– Хӏумма а дац. Нохчмахкахойн кӏентий бу вайх лата богӏуш! Схьахетарехь, царах цхьаннан-шиннан, кхеравелла, шашаха топ йаьлла.
Елисейс а, Юсупа а шайн болх йуха а дӏаболийра. Йуьстахкхийсалора йаккхийра поттанаш. Масех минот йаьлча, попан гӏад лахахь цӏийза делира. ТІаккха, кӏез-кӏезиг сетташ, раздаьлла, узаршца дахана, кегийра дитташ кӏелхьерчош, доккхачу татанца охьадуьйжира.