чӏагӏвала сацамбира Рихтера. Чевнаш хилларш а, байъинарш а охьабаха а дезара. Кхидӏа тӏелатарна хӏун дийр ду а ца хаьара. Рихтер ойла йина валале, штабера схьа геланча веара, керла приказ хиллалц хьалхатаӏар сацаде аьлла.
Цхьа ах сахьт далале йуха а йека йолаелира дукъана шина а агӏор йетта йаккхий тоьпаш. Кортош айба ца баьхьаш, бертал ӏохкучу салташа ладоьгӏура дур деш диттийн баххьашна тӏехула дукъа тӏе оьхучу хӏоьънашка. Цхьана сохьтехь йаккхий тоьпаш йиттинчул тӏаьхьа приказ кхечира, хьалхатаӏа аьлла. Хӏинца тӏекхиънера тӏейогӏу ши батальон а. Шира, йуькъа хьун йекош, регӏаца шалхадуьйлуш, дийкира салтийн «ура». Мятежникаша тоьпаш йуззушехь, масех гӏулч хьалха йуьгура цо рота. Хӏинца хьалха гуш бара мятежникийн коьрта вал. Дечкашна тӏехьа ӏохкучу мятежникаша дошан дарц ӏенадора тӏелетачарна тӏе. Дуккха а салтий цунна гуш охьаоьгура.
ТІаьхьара могӏанаш ваьштта тӏекхаьчча, йуха а цкъа дехха «ура» аьлла, валана штурм йира салташа. Баттара даьккхина тур а буйнахь валана тӏе хьалаваьлла Рихтер дуьхьалнисвелира хьаьрса маж-мекх долчу зоьрталчу мятежникна. Цуьнан шуьйра, лекха хьаж а, жимма ирхбирзина стомма мара а, оьгӏазе сийна бӏаьргаш а шена цхьанхьа гича санна хетаделла, цхьана секундана воьхна висира капитан.
– Марша вогӏийла, хьан оьздалла! – элира мятежнико цӏенчу оьрсийн маттахь. – Дӏаэца хьайна айхьа доьхург!
Рихтер айъина тур охьатоха кхиале, Поповс, даг тӏе а лаьцна, тапча туьйхира цунна…
Тасадалар кхузахьчул а чӏогӏа дара Мусакхайс, Нур-Хьаьжас ларйечу къилба агӏонан а, малхбузен а декъехь. Цигахь, хьерайаьлча санна, чукхийсалора аренан йарташкара вовшахтоьхначу нохчийн милицин отряд. Цунна гӏо деш йара Курински полкан шолгӏачу батальонан кхо рота. Йуьхьанца йоккхачу тоьпан ткъех хӏоъ тоьхча, маьхьарий детташ, басах хьалатасабелира милцой. Гӏовттамхошна хуьлуш зен доцуш, дерриг шайн патармаш дассийна а бевлла, шайн чевнаш хилла накъостий а эцна, тӏаьхьабогӏучу куринцашна тӏехьа йухабевлира уьш.
Тӏелетачийн хьалхара отряд йухайаьлча дегнаш айъаделлачу гӏовттамхоша дошан дарц ӏанийра хӏинца хьалхабевллачу куринцашна тӏе.