вайна а кхеташ, чекхдели хӏара кхо де а. Хӏор а дийно уггар майра, уггар дукхабеза накъостий къастабо вайх. Велла ӏуьллу тахханалц Дегӏастанахь сан аьтту куьг хилла лаьттина майра Мусакхай. Кхин хезар дац, хала киртиг тӏехӏоьттича, вайн дегнаш хьуьнаршна ойъуш, вайга кхойкхуш хилла цуьнан дера аз, – корта хьала а тесна, аз айдира ӏаьлбага. – Амма, хӀокхеран санна, турпала ӏожалла хуьлда вайн массеран а, – декъашна тӏехула дӏа куьг тесира цо. – Герз карахь! МостагІчун гихь! Ткъа хӏинца, кӏентий, масех дош олу ас. Ӏеламха, суьйлийн декъий Диламе, Миатла, Алмакхе а дӏакхачаде. Сатасале цига дӏакхуьур ду шу. Бисинарш шишша-кхоккха дӏасадаржа. Чевнаш хилларш а, байъинарш а эций. Амма, хаалаш, вай гуттаренна а къаьсташ цахилар. Ас шу кхайкха тарло кхана а. Кийчча хила. Дала аьтто болда вайн!
Цхьа сахьт далале, цхьаберш говрашкахь, бисинарш гӏаш хьаннашкахь къайлабевлира уьш.
Майрачийн хьералла – и ду-кха
дахаран хьекъал!.. Майрачийн хье-
раллех олу вай илли!..
М. Горький.Лечанах илли