Цхьа ах бӏе шо даьлча,
Хӏара дуьне ширделча,
Берашна йуьйцийла
Тхан шерийн сийлалла.
Ш. Петефи. «Мартан кегийрхой»
Буьйса шина декъе йекъайеллачу хенахь Мичка чу воьлла цхьалха бере, ларлуш хих дехьа а ваьлла, эвла йистехь хьуьнна йуккъехь ша лаьттачу цӏенойн кетӏа гӏоьртира.
Иза хих сехьаволуш цуьнан говран бергаша тӏулгаш тӏехь дохучу татанаша самадаьккхина хІокху кертара дера доккха ши жӏаьла, кетӏа а даьлла, хьалххехь некъ лаьцна дӏахІоьттира. Буьрса гӏигӏ деш, кӏомсарш йетташ кӏегархиъна ши жӏаьла гича, говрара охьа а ца вуссуш, бере ладоьгӏна-а сецира.
Беречо хӏусамдега лохха мохь туьйхира. Жӏаьлеш летча самаваьлла важа, сихха кӏетӏа веара. ЖІаьлеш дӏа а човхийна, беречо делла салам схьаийцира цо.
– Мила ву хьо? Чувосса.
– Со-м Овхьад вара. Гати-Юьртара. Берса вуй кхузахь?
– Ишар[16]?
– ТІам бойна аьрзу.
ХІусамдас, вист ца хуьлуш, улло а веана, луьйта лецира. Овхьад охьавоьссича, цуьнан карара урх дӏа а эцна, зӏарах чоьхьайаьккхина говр гоьзанах дӏатесира цо.
Овхьад учахь витина, цӏа чу вахана хӏусамда, стогар а латийна, цхьа-ши минот йаьлча, аравелира.
– Схьачувола, Овхьад.
Схьахетарехь, арахь жӏаьлеш летта, хӏусамда араваьлча, гӏеттина, тӏе бедарш а йуьйхина, ша вижина ӏиллина мотт дӏа а леӏна, хьаша тӏеэца кечвеллачух тера дара Берса а. Товханан белша тӏе хӏоттийначу стогаран гӏийла мотт техкабора диллинчу корехула чухьоькхучу байчу махо.
– Овхьад, хьо ма хан йоцчу хенахь араваьлла?.. Хьо Соьлжа-Гӏалара цӏа маца вирзина? – хаьттира Берсас, шаьш, охьахевшина, паргӏатдевлча.
– Хӏинцца вогӏуш ву-кх. Бехк ма биллалахь, ханйоцчу хенахь хьо гӏатторна.
– Со-м, дера, сема ма вара, Овхьад. ХІокху тӏаьххьарчу хенахь наб йайна сан. Олуш кӏезиг хӏума делахь а, дегӏе ладегӏар дукха хуьлу. Дика ду со волчу хьо чувирзина. Цигахь хьан гӏуллакх муха нисделла ца хууш, сагатдора ас. Васала-м шен галдаьлларг дийцира, веана.
– Схьавеара иза?
– Хӏаъ. Муьжгаша кӏелхьара ца ваьккхинехь, цхьана мӏаьргона ӏедалан каравоьдура ша, бохура. Грознера ваьлча, Оьрза-ГІала вахана хилла иза. ТІаккха, дийцал ахь а, Овхьад. Хӏун хили хьан гӏуллакхах?
– Хӏумма а ца хили, Берса.