йукъаметтигаш ийгӏина, кестта тӏом хила там бу бохуш. И дов даьлча, букъа тӏехьахула оьрсийн паччахьна вай хӏума тоха лаьа, боху, цигахь. Шемалан кӏанта Гӏеза-Махьмас туркойн паччахьан цӏарах изза дӏахьедина дегӏастанхошка а. Доцца аьлча, и дерриг ӏумма-Хьаьжехула хезна суна.
Берсин дегӏ, шелделла, хебаш санна хетта, хьалагӏеттира ӏаьлбаг.
– Шеллуш ву-кх хьо, Берса. Малхе валий вайша?
– Дика хир дара. Мел хили а, йовхо йеза-кх суна тӏаьхь-тӏаьхьа.
Берсин истанг, кхурана йуьстах, оханна тӏехь меттиг а шарйина, даржийра Іаьлбага.
– Суна хазахета, туркоша лелочу моттаргӏанех хьо цаӏехавалар. И дика ду. Амма кхин ду халаниг. Хьоьга кхийдо имамалла. Хӏинца халкъан коьрте хӏоьттинчу стагехь доккха хьекъал а, собар а, доьналла а хила деза, ӏаьлбаг. Хӏара вайн карахь йерг шайх Мансуран а, Бийболатан а, Шемалан а зама йац. Хӏетахь ламанан къаьмнаш тӏамо гӏелдаза, вовшашлахь барт бохаза дара. Хӏетахь имамашна аттахо дара мостагӏашна дуьхьал къийсамехь уьш гӏовтто а, цхьаьнатоха а. Ткъа хӏинца? Схьалоцур вай нохчий. ДІабаханчу оцу бехачу тӏамо чӏанадаьккхина ца ӏа вайн халкъ. Цуьнан тӏаьххьарчу ткъа шаро оьздангаллех а, гӏиллакхах а мелла а дохийна иза. Цхьана агӏор, паччахьан инарлаша кхерош а, кхаьънашца оьцуш а, ӏехош а, вовшашна тӏеттӏатуьйсура вай. Изза дора вукху агӏор Шемала а. Кхозлагӏа-делахь, тахана вайна йукъахь, цІоз санна, баьржина, чІагӏбелла охьахевшина Іедало эцна вайн нехан эпсарш а, совдегарш а, молланаш а. Уьш кийча бу, ӏедало хӏуьс аьлча, шайн халкъ-м хьовха, да-нана дохка а. Доьазлагӏа, вайн мехкан массо маьӏӏехь хӏиттийна эскарш ду. Хӏинца хаьий хьуна, хьайга кхийдориг мел хала гӏуллакх ду?
– Хаьа. Сан хьекъал а, къонахалла а тоьур йац и хала дукъ ийзо.
– Ткъа мила хоржур ву вай?
– Хаац. Іумма-Хьаьжа йа Солтмурд.
– Церан хан дӏайаьлла. Ӏумма-Хаьжа майра стаг а, дика тӏеман говзанча а ву. Амма Шемалан заманахь дуьйна дуккха а хи дӏаихна. Зама а, адамаш а хийцаделла. Хӏинццалц схьа паччахьна дуьхьал латтийначу къийсаман тхьамданаша адам гӏазоте кхойкхура. Керстанна дуьхьал. Ткъа оцу гӏуллакхо къаьмнашна йуккъе мостагӏалла кхуллура. Вай кхечу новкъа даха деза. Иза