болуш барма кошан йисте лоций, тӏехьара хьалаойъура наха. Кошахь волчу шимма, меллаша такхадой, охьачудоккхура дакъа. Иза лахьти чу дӏа а нисдина, упханаш хӏиттош, коша тӏехула, даржош, верта лоцура. Упханаш дӏа а нисдина, кошара ши стаг хьалаваьлча, сихдина чу латта хьокхура кегийрхоша.
Велла стаг дӏавуьгуш а, иза лаьтте дӏалуш а, бист ца хуьлуш, тийна ӏа нах. Дан дезарг куьйга, бӏаьрган ишарехь гойту. Ткъа тахана къаьсттина тийна ду кешнашкахь. Кхоьлиний, дерий йу нехан йаххьаш. Схьахетарехь, царах хӏораммо а ойла йо ша-ша кхуза кхочу волчу дийнан. Иза кхана хир, лама хир хаац. Къаьсттина хӏокху синтемзачу хенахь. Ӏожалла йу, когийн кӏажаш хьоьшуш, тӏаьхьахӏоьттина лелаш. Кадетташ. Хӏара ду хӏор а адаман тӏаьххьара туш. Кхузахь бен карайац адамна маршо а, синтем а. ХІокхо кочара йоккху къоьлла а, гӏайгӏа а. Хӏара иттех дол латта ду хӏоранна а кхочудерг. Ӏожалло бен нийсо ца йо дуьнен чохь. Амма хӏокхо къинхетам а, озабезам а бац цхьаннех а. Цунах кӏелхьара ца бевлла пайхамарш, паччахьаш, хьолахой, къехой.
ТІаьххьара дакъа коша дуьллуш, Къайсаран бӏаьрг кхийтира дехьо нахана йукъахь лаьттачу Овхьадах. Схьагарехь, иза хӏинцца кхаьчнера кхуза. Къайсар цецвелира, иза гича. Басса тӏехь хила веза Овхьад кхузахь а хӏунда ву, цуьнца Болат а хӏунда вац? Къайсаран сагатделира. Тӏе а вахана, хатта йиш а йац. Йуьстахваккха а гӏиллакхе дац. Къайсарна дахделира и тӏаьххьара сахьт. Ша цуьнга масазза хьожу, Овхьад шега хьоьжуш а каравора цунна. Схьахетарехь, дІатетта йишйоцу гӏуллакх деана цо.
ТІаьххьарчу коша тӏехь барз нисбина, Лорсас доӏа а дина, нах кешнийн кевнехьа дӏабуьйлабелча, Акхта тӏаьхьа а сацийна, Овхьаде тӏевола аьлла бӏаьца йира Къайсара.
– Хьо лаа вуй, Овхьад? – хаьттира Къайсара, маршалла а дитина.
– Болата ваийтина со.
– Иза дийна вуй ткъа?
– Ву, дера. МахкатӀхой кийча бу гӏовтта. Хоттанхойн, тевзанхойн ойла а вайгахьа йу. Ӏаьлбаг цигахь гучуваьлчхьана, оцу агӏор цӏе летар йолуш хьал хӏоьттина-кх. Ӏаьлбаг цига дӏакхойкху цара.
Ойлане ваьллачу Акхтас шен йаьллачу йуьхьах куьг хьаькхира.
– Іаьлбаге маца кхача аьлла цара? – хаьттира цо.
– Ма-хуьллу сиха.
Шаьш кешнийн кертара