меттиг а йацара. Цкъа авангардна, тӏаккха аръергардна тӏелеташ, Тевзана дӏакхачийра цара отряд.
Йуьртахь къена наххий, зударий бен ца карийра. Виберга приказ делира, йурт йагайе аьлла. Цхьа сахьт далале дага дуьйлира массо цӏа. Даим санна, дошлойн сотняш хьовсийра кхаш тӏера йалташ а, докъарш а даго, дежийлаш тӏера даьхний схьалахка.
Оцу буса махкатӏхойн тхьамданашца хаза дуьйцуш, къуьйсуш ӏийна, кӏадвелла Болат, гӏуллакх цхьана лоре а далийна, Тангӏайн жимахволу ваша волчу вижа вахара.
Хӏусамнанас хьешан цӏа чу йеана йаахӏума а кхаьллина, хӏусамден ӏодика а йина, герз улло охьа а диллина, шена кечбинчу метта а ваьлла, дӏатевжира Болат. Йеххачу хенахь чу мох кхетийтазчу цӏа чохь тӏуьна хьожа йогӏура. Маьнги кӏелахь а, пеша тӏехьа а «зар-зар» деш йекара цаьпцалгаш. Чиркх дӏабайъича, йукъ-кара цӏийзаш, чухула хехкалора дехкий. Наггахь жӏаьло гӏалх деш туху бага ца лерича, тийна дара арахь. Амма Болатна наб ца кхетара. Эзар ойла хьийзара коьрте. Ӏаьлбаг Коьжалкан-Дукъахь вохийна аьлла хазар бен, кхидӏа цунах хилларг а ца хаьара. Болата вахийтина Овхьад а вацара йухавогӏуш. Гати-Юьртара хабар а дацара. Дукха хан йара иза цигахь хилаза. Цхьа кӏира хьалха къайллах цӏа вахана веанчу ӏумара деана хабар а дацара хӏумма а синтеме. Гӏаттаман йуьххьехь йуьртахоша шайна дина зен доькхуш, бекхам оьцуш хьийзара Хортӏа а, Асхьад а. Масех стаг, лацийтина, Сибрех вахийтинера, изза дан кхерам туьйсуш бацабора Іаьлбагна тӏаьхьабаханчу нехан зударий.
Къоначу нускалх марзо эца а ца кхиаво Болат. Деши берах хиларо цкъа воккхавевора Болат, йуха а гӏайгӏане вожавора. Шайн цӏийнах, гӏаж санна, цхьа висинчу цо дукха хенахь дуьйна сатийсинера, зуда а йалийна, бераш хиларе. КІур боцуш йан ца лаьара Данчӏин тӏаьхье. Амма хӏокху йоьхначу заманахь меттиг ца буьсура доьзалх воккхаве. Болатна гинера, Салатавера гӏаттам хьаьшча, зударий а, бераш а, махках дохуш, Сибрех хьийсош.
Уьйриг хилла хьийзачу ойланаша базбинчу коьртана сатоссучу хенахь жимма наб озийра. Амма набаро а ца бохьура синтем. Гӏенах дуьхьалтуьйсура синтемза бералла, туркойн махкахь лайна жоьжахати, йа хӏокху тӏаьххьарчу хенан ирча