– Наха дуьйцург хезий хьуна?
– Хеза.
– Довда деза. Кхидӏа некъ готта бу.
ТІаккха Болата омра дира уллорчаьрга:
– Вай новкъа девлча, ас мохь тоьхча, шиний агӏор хьуьн чу лелхалаш. Массаьрга а дӏакхетаде.
Ламазаш динчул тӏаьхьа шаьш гӏовттийча, салтий цхьана хӏуманна кхерабелча санна хийтира лецначарна. Хьалха баханчу салтех цхьаъ, говре чабол эцийтина, ӏинах чекхваьлла, йуханехьа веара. Иза Виберган геланча вара, дуьхьал бердаца мостагӏ гучуваьлла, кийча хила аьлла, аръергардан отрядан начальникна Аваловна тӏехьажийна.
Хьалха хьуьн чохь гучуваьлларг ӏаьлбаг вара. Басса тӏера йарташ гӏовтта кийча йу аьлла, Овхьада хаам беача, шеца ткъе итт стаг а волуш гӏаттамна коьрте хӏотта сихвелла вогӏура иза. Амма, Хулхулона тӏекхачале, цунна хиира Махкатӏехь хилларг. Уггар хьалха лецнарш кӏелхьарбаха сацам бина, ӏаьржа-Ахкан йистехь аьтто болу меттиг а лехна, кӏело йира цо.
Мостагӏ гучуваьлча, тӏамна кечло аьлла, салташка мохь тоьхна ротийн командираша динчу приказах кхийтира Болат. Хӏинца иза тешна вара шайна довда аьтто нислуш хиларх. Шена хезнарг могӏанца дӏакхетийра цо.
– Шайна хӏумма а ца хуучуха, паргӏат хилалаш.
Хӏорш, беха могӏа а бина, йукъ-йукъа салтий а хӏиттийна, Іин чуьра хьалаболучу готтачу новкъа дӏабуьйлабелча, тӏехьай, хьалхахьай агӏонашца тоьпаш йевлира. МостагІчун коьрта ницкъ мичхьа лечкъина ца хууш, цхьана ротица авангардера йухавирзинчу инарло Виберга болчунна тӏе а гатбира некъ. Цхьа а низам доцуш тӏаьхьашха тӏегӏертара аръергардера шиъ рота а. Авалов отрядехь низам хӏоттийна валале, кхаа агӏонгахьара схьа конвойн роташна тӏе тоьпаш йетта йолийра.
– КІентий! Тӏелата салташна! Герзаш схьа а дохуш, шиний агӏор дӏасадаржа! – мохь а тухуш, шена уллорчу хьаьрсачу салтичунна тӏекхоссавеллачу Болата, цуьнан карара топ шина а куьйга схьа а лаьцна, чу-кӏел мийра тоьхна, лохачу бердах чувахийтира иза.
Дахарехьа дера къийсам болабелира. Бердах чу, хи чу леста салтий а, йийсархой а шаьш-шаьш а, вовшийн дӏа ца хоьцуш мар-марахь а. Масех минотехь дера леттачул тӏаьхьа, тасадалар хиллачохь вийна ткъа стаг а вуьтуш, важа бӏе пхийтта