кхийссарш йолайелча, хӏоьттинчу хьолах кхетта капитан Кусов букъа тӏехьахула тӏелетира ӏуммина. Шиний отрядо йина масех атака кхиамца йуха а тоьхна, цаьршинна дуьхьал масех тӏелатар дира ӏуммас. Барамна дукха хиларал сов, бӏаьхаллин низам долу регулярни эскарш, шайна даккхий дараш ца хуьлуьйтуш йуха а дуьйлуш, аьтто а лохий, йуха а хьалхатаьӏара. Къаьсттина ницкъ бинера хаддаза ӏуммин позицина тӏейеттачу йаккхийчу тоьпаша. Схьадеттачу хӏоьънаша, шаьш лилхина ца ӏаш, тӏеӏанайора тӏулган бердех лоьлхуьйту окъамаш[18]. Масех сохьтехь шиний агӏор йина атака кхиамза йисча, шен ницкъ цӏеххьана Кусовн отрядна тӏе а берзийна, иза дӏаса а йаржош, лаьмнашкахь къайлавелира кхузахь чов хилла ӏумма.
Масех де даьккхира Лохвицкийс ӏумма къайлаваьлла меттиг лоьхуш. Цунна гӏодина йарташ йохийра. Чим беш йагийра ӏумма вина Зумса а. Леррина вовшахтоьхначу таллархойн командица къажйора хьаннаш. Толлура массо чӏаж а, лам а. Йарташкара бахархой а хьийзабора, ӏумма лечкъина меттиг йийца бохуш. Амма ӏумма тӏепаза вайнера вахана агӏо а ца хууш.
Лехамах дог а диллина, прапорщик Умаев шена тӏекхайкхира Лохвицкийс.
– Командующис хьайна тӏедиллина декхар дицделлий хьуна? – хаьттира цо, кхин хьийзораш ца йеш.
– Ца дицделла, господин подполковник.
– Делахь, иза кхочушде. Ткъе диъ сахьт хан йу хьуна.
Дада кхийрина де тӏекхечира. Хӏокху тӏаьххьарчу масех дийнахь са дилла меттиг байна лийлира иза. ХІокхул хала киртиг ца хетара цунна дахарехь шена тӏехӏотта. Йевзара ден буьрса амал а, цуьнан болатан къармазалла а. Эрна ма ду иза тӏеверзо гӏертар.
Дадин ойла, айъайелла, мархашца хьаьвзина, бераллин шерашка дӏайахара. Гӏенах санна, дагадогӏура шен да Шемалан наиб хилар. ТІаккха паччахьан эскарш даьхкира Органца хьала. Хӏетахь, кхин эзарнаш санна, хӏокхеран доьзал а къайлабелира лаьмнашкахь. Да а шен эскарца Басса тӏехь леташ ву, бохура. Иза-м вуьшта а кӏезиг гора доьзална. Виллина дӏа тӏамехь. Масех баттахь лаьмнашкахь лечкъаш лийлира хӏокхеран доьзал. Тӏаккха хӏорш болчу веара да. Верриг тӏелхигваьлла, корта а, маж а йаьлла, чевнаша верина.
– Нохчийчоь йоьжна, – элира цо. – Имам ведда шайн лаьмнашка