Воккхахволу ваша, Шемал, йуьртда а хӏоттийнера. Ссылкера цӏа веана къена да а, дерригенах догдиллина, къарвелла сецна а, ӏедална шех тешна а моьттура. Дада воккхавера и къаьхьа зама генна тӏаьхьайисарх. Хӏинца малх хьоьжура церан хӏусаме. Бакъду, тӏаьхьа цуьнга деана ирс кхулура, халкъера Іазап гича. Амма иза ца ган гӏертара Дада.
ТІаккха Дадина тӏехула йекхначу стигалахь цӏеххьана ӏаьржа мархаш гучуйевлира.
Нохчмохк гӏеттира.
Хӏун дер-те къеначу дас? Йуха а меттахъхьоврий-те цуьнан даг чуьра карзахалла? Сацалурий-те иза, гӏовттамхойх дӏа ца кхеташ? Нагахь да, йуьстахваьлла, сацахь а, Дадин-х дезар ма ду шен къоман вежарийн цӏий ӏено. Хӏун дер-те цо? Иза дагавелира воккхахчу вешех, тӏаккха ший а – къеначу дех. Ӏуммас цаьршинна хьехар делира, туркошца тӏаме гӏой, кху махкара дӏавала аьлла.
Дадас хӏетахь ойла ца йира ден дешнийн. Моьттура, къоман вежарийн цӏий ца ӏенадайта, шаьшшиъ кхузара дӏаваккха гӏерта. Хӏара шиъ кхузара дӏа а ваьккхина, шен куьйгаш а даьстина, гӏаттаман коьрте хӏотта ойла хилла-кх цуьнан. Хӏун башхо йу? Мичча махкахь хилча а, ши ваша ӏедалан буйнара ма ца волура. И ца хаьара-те къеначу дена? Иза-м сонта стаг а ма вацара…
Лаахь а, ца лаахь а, хӏинца шен вежарех лета дезара цуьнан. Мухха а летта ца ӏаш, салтел а, эпсарел а доггах. Ӏедална шайн доьзалан муьтӏахьалла гайта. Салтийн йа ша санначу туземни эпсарийн санна, моттаргӏанна йа дегаза гӏуллакх дойла а йацара. Мятежникех дог лозуш ву аьлла, бехкевийр вара. Амма шайн маршонна гӏевттина вежарий байъа а ца вуьтура даго. Дог ца ӏара шен халкъехьа ца узуш. Тӏе, Дадина шера хаьара шен халкъера къиза хьал…
Аьтто кхечу къаьмнашкахь а бацара, амма, нохчашца дуьстича, уьш йалсаманехь хетара. Хӏокхаьргара берриг бохург санна дика мохк дӏабаьккхинера. Гӏалгӏазкхашний, гондӏарчу къаьмнийн элашний, нохчийн эпсаршний, динан дайшний совгӏатна дӏабекъча бисинарг а пачхьалкхан долалле баьккхинера. Кхузахь халкъана тӏехь цхьа помещик вара – пачхьалкх. Кхузахь урхалла а дара шатайпа – тІеман. Округийн начальникаша пачхьалкхан цІарах дацадора халкъ. Налогаш йохуш, гІуданаш детташ, маьхза белхаш а бойтуш. ХІара халкъ