царна тӏаьхьаволавелира Дада.
Орга гӏергӏара. Даккхийчу чхераш тӏехула кхийсалуш, йуккъехула хьийзаш. Дарц детташ, чопаш туьйсуш.
Наггахь бен адамийн лар ца йогӏучу, шеран дукхахчу хенахь ло лаьттачу ломахь, кӏоргачу хьехахь йогучу цӏарна гонах, кӏел кетарш а тийсина, тевжиний, хевшиний ӏара иттех стаг. Царна тӏехьа ах бодашкахь текха тӏехь цецаца ахьар луьйсуш йоллура шовзткъа шо хенара дуткъачу дегӏахь йеха ӏаьржа месаш йолу зуда.
Лелхаш догучу тӏедачу дечиго гӏаттийна кӏур, хьала а айъалой, тӏулган тхевнаца шерший, хьехан бертехула арабуьйлура. Генара хьаьжча, ган йиш йацара иза. Хӏара хьех мархашна тӏехула айъайеллера, ткъа уьш дӏайевлча, мокхачу дахкаро дӏалоцура лахе.
ЦІарна уллохь, гӏевланга гуьйриг йиллина, харцахьа йаржийначу кетар тӏехь тевжина Іуьллура сирвелла йеха, шуьйра маж йолу воккха стаг. Аьрру пхьарс тишачу кӏадинан къорзачу асанца бихкина бара цуьнан. Ха хорцуш, ларбора цо пхьарс, цкъацкъа, лазар тухий, йуьхь чӏичкъашка йоьдура.
Цхьаберш леррина воккхачу стаге хьуьйсура, вуьш йогучу цӏерга богӏабелла ӏара. Нахана ца хаалора цкъацкъа бӏаьргаш чу хьийза кӏур а. Воккхачу стага цхьа хабар дуьйцура царна.
– Бойсагӏар йийсаре лецира. Хӏинца, со санна, чов хилла, шайн Бенана генадоццуш цхьана хьехахь и къайлаваьлла ӏаш. Цуьнца хиллера Солтмурд а, Бойсагӏаран йоӏ йахана нуц Муна а, гӏалгӏайн Маьлцаг а. Солтмурд а, Муна а кӏелхьарваьллера, бисинарш дӏалецнера. Бойсагӏар ша вуьшта а ах-стаг ма вара. ТІамехь цхьа бӏаьрг, цхьа пхьарс, цхьа ност а йаьккхина. ТІаккха Іедална тӏевахара сой, Атабий. Масех чов хилла Атаби – хьалха, со – жимма тӏаьхьа. Тхойша тӏе ца веача, йарташ хӏаллакйора эскарша. Соьлжа-Гӏалахь веха ца латтош, Россе дӏавигира тхойша, вовшех а къастийна. Со – Моленск олучу йоккхачу шахьара, ткъа Атаби – кхин а дӏа гена. Бойсагӏар ирхъоьллира Хаси-Юьртахь…
…1860–1861-чу шерийн гӏаттам хьаьшча, шайн лаамехь Іедалан каравеана Атаби а, ӏумма а маьршачу ссылке хьажийра: Атаби – Псковски губернерчу Порхове, ӏумма – Смоленски губерне. Амма Смоленскан губернаторо шен тергамна кӏел ваийтина «сийлахь йийсархо» таӏӏийна набахте воьллира. И