гӏоьртина, озийна балда а дегийра. Ши бӏаьрг тӏунлуш санна хийтира ӏуммина. Хӏара хӏун ду? Ша-шех цецвелира иза. Тахана санна, дог ца кӏадделлера цуьнан цкъа а. Хаьара, ша бахьана долуш шен доьзало лайна хало. Хӏинца кӏентан берашка а кхачий цо и декъаза дакъа.
– Стенна воьлху хьо? – элира Іуммас къорра. – Берзан кӏеза дац хьо? Ламанан леча дац хьо?
Кӏанта, хьала а хьаьжна, хих буьзна бӏаьргаш дендена тӏебуьйгӀира.
– Чов вон йуй хьан, Ами? – меллаша цуьнан пхьарс шиний куьйга схьалецира Мовсара. – Дукха лозий, Ами?
– Хӏумма а ца хилла, Мовсар. Цхьажимма мерцхаг йаьлла.
– Со хӏинца хьоьца хир ву, Ами. Ас дӏатосур вац хьо…
– Ахь хӏун до соьца? – велавелира ӏумма, кӏентан мара а озийна.
– Хьо ларвийр ву, мостагӏех летар ву.
– Жима ву хьо. Воккхахилча, летар хьо.
«Хӏара-м жима а вац, – ойла йира ӏуммас. – Дуьххьара тӏаме воьдуш жима кӏант вара-кх со а. Амма хӏокхуьнан зама кхин йу».
Ӏуммин шина кӏантаца тӏекаре а йина, цхьацца-шишша бовлуш, арабевлира нах. Шина кӏанта, тӏе а веана, хьал хаьттира дега.
– Вон дац. Чов-м хьесапе а йацара. Йирзина. Шуьшиъ хӏунда веана?
– Со-м хьоьца виса веана, ткъа Дада инарлас ваийтина хьо волчу, – элира Шемала.
– Хӏун боху инарлас?
Дадас дийцира Свистуновн шеца хилла къамел. Леррина ла а доьгӏна, корта хьовзийра Іуммас:
– Новкъара йухавоьрзийла дац сан, ши кӏант. Хӏинцца ца ваьлла со хӏокху новкъа. Сайн пхийтта шо кхаьчча, ваьлла. Инарлина а, шуна а ма-моьтту хьераваьлла а вац. Дерригенах а кхета. Тоьлур воцийла а хаьа. Шемалца волуш дуьйна а хаьара. Делахь а, корта а таІийна, кӏелсаца лаац. Лай хилла вехачул, летта велла дӏавалар гӏоли хета…
– Хьо лай ма вац, Ами, – йукъавуьйлира Дада. – Хьуна оьшуш хӏумма а ма дацара. Бахам а, даьхний а дара. Тхойша а хаза гӏуллакхе дӏанисвеллера. Хӏинцца самалхадала даьллера-кх вайн…
Ӏуммас корта хьовзийра.
– Ахь бохург дац хӏара, кӏант. Жима ву хьо. Кхета гена ву. Даьхний, бахам, хьаькамалла а лоьхуш лелла со? Йа уьш лоьху хан йу сан? Со ламанан аьрзу ду. Маршонехь дуьнен чу даьлла. Пхьарчо а божаза йолу аьрзунан кӏорни, схьа а лаций, цӏа а йалайай, тускара чу йоллал. Караӏемар ма йац иза. Йоккха мел хуьлу, кхетаме мел йеа, дарлур йу. Хьо тӏе масазза кхевда,