мостагІчун низам а, тӏеман говзалла а, керла герз а ду.
ХІокху гӏаттаман оьмар йахйинарг дуьххьалдӏа адамийн ӏедале цабезам а, гӏаттаман куьйгалхойн майралла а йара. Хӏорш дӏакхаьчнначохь хӏокхарна тӏаьхьахӏуьтту ӏедало чӏанабаьхна нах. Хӏара цхьа Ведана а, Эрсана а йоцург, йерриг Нохчмахка гӏовттамхойн карахь йу. Чӏебарлахь а цӏе йаьлла. Аре гӏатто ойла хилла, Сулиман Гуьмсехьа а хьажийна, ша Шелахула Мичка тӏе вахара Іаьлбаг. И йарташ шегахьа совцо ницкъ-м ца кхечира цуьнан, вуьшта, хьалха санна, Іедалх кхерайелла, цунна дуьхьал а ца йевлира уьш.
Іаьлбагна дагадеара шийтта шо хьалха шена хилларг. Хӏетахь ӏамо лома дигнера бераш. Іаьлбаг дукхе-дукха челакха лелара. Цкъа дистина деанчу ламанан хих дехьавала воьлла иза такхийра, чхернех ветташ, тӏехула чукхуьйсуш, шерачу бердех ветташ. Іаьлбага ка хьоькхура, саца гӏерташ. Ша тӏенисвелла чхар лоцура цо катухий, амма хино шарбинчу цу тӏехь куьйгаш шершара. Бердан йисте кхоьссича, мІараш тосий, саца гӏоьртура, амма хино, озавой, охьавоккхура. Тӏеолладелла га лоцура, амма иза, каглой, охьахьора. Эххар а, цхьана кӏуркӏаманехь хьовзийна, тесна, иза йуьстахвахийтира. Хӏетахь шега хӏоьттинчух тарделлера цунна хӏинца шегара хьал. Дӏакхуссуш, схьакхуссуш, цхьанхьа, вохавой, эккхош йа водуш, тӏаккха, тасалой, хьалаволуш лелара иза хӏокху масех баттахь, хӏинца, жимма ницкъ а ӏаІийна, кӏуркӏамане эккха воллу иза. Оцу кӏуркӏаманехь хьовзийна, хи бухавахана, лер а хаац, йа йуьстах тосур а хаац…
– ӏаьлбаг! – гӏенах санна, хезира цунна Коьрин аз. – Хьайна хала дацахь, схьаволахьа цхьана минотана.
Ӏаьлбаг, цхьа куьг лаьттах гӏортош, каде хьала а иккхина, доттагІчунна тӏевахара. Коьрина хьалха карта а, Веданан гӏопан план а ӏуьллура. Селхана царна тӏе Овхьадан гӏоьнца ӏаьрбийн йозанца меттигийн, хийн, йартийн цӏераш йазйинера цо.
– Хӏара Ведана-гӏап йу, – беакӀовчу гонна тӏехула къолам хьовзийра Коьрас. – Къилбаседан агӏор мацах Шемалан хилла гӏап лаьтта. Къилбехьа, цунна тӏегӏорттийна, эскаран гӏап. Хӏокхунна гонах беакӀов пен бу эзар гӏулч гергга беха. Локхалла – цхьайтта дол. ХІоккхехь а, хӏоккхехь а пена тӏехь шина