тоьура. Долчарна чохь, чӏеран кӏорнеш санна, дӏатарбелира салтий. Ткъа мелла а ишттачу хьолах боьлла кавказхой догӏанна кӏел бисира. Йуьрта буьйса йаккха баха ца баьхьара атталла нохчий а. ХІорш салтел а чӏогӏа кхоьрура меттигерчу бахархойх. Арахь биснарш-м хьовха, четарш чу тарбелла салтий а тӏадийнера оцу буса.
Дилхинчу догӏано гуттар а халачу даьхнера вуьшта а кхузара хала некъаш. Говраш а, адамаш а гоьллец хоттала оьхура. Къаьстана таро йохийнера йаккхийчу тоьпаша. Церан чкъургаш хоттах йича санна йара. Уьш ийза говраш лара а ца йина, Эгӏаштӏера йалийна, цхьана йоккхачу тоьпана йалх а йужуш, бугӏанашка йигийта дийзира.
Эрсанахь шена дуьхьало хир йу моьттуш, дерригенна кийча йеанчу отрядна йаьсса карийра йурт. ЖІаьлеш, цицигаш, наггахь котам йоцург, аддам а дацара кхузахь. Йурт йагор дегӏастанхойн а, нохчийн а милицина тӏе а диллина, охьайогӏу отряд Гумс хи чу йоьссича, эххар а кхо де хьалха цо дахьийтинчу кехатна дуьхьал жоп кхечира Смекаловга.
«Лераме Алексей Михайлович!
ХІокху деношкахь ас синтемза ладегӏна хьоьгара хаамаш кхечи соьга. Уьш мел самукъане бацахь а, вайн эскарша а, массо салтичо а шаьш турпала гайтар ас коьртакомандующига дозаллица дӏакхачор дуйла хаийта цаьрга. Чевнаш хиллачарна ахча далар къобалдо ас. Хӏор а дархочунна чевне хьажжий кхаа соьмера туьмане кхаччалц ахча ло. Хьан гӏуллакхаш вон дуйла а хаьа суна, амма уьш дено-дено толург хиларх а теша. Цундела, делан цӏарах доьху хьоьга, цхьа ког а йухацавалар, хьайна хьалха нисделларг дерриг къинхетамза хӏаллакдеш, кӏез-кӏезиг хьалхахьа дӏавахар. Варлахь, кхерам тасалахь мятежникашна, хьайн даг чу къинхетам ма биталахь. Къизалло бен совцор бац хьуна мятежникаш. Вайга амалтана нах беллехь а, Зандакъа гӏеттина.
Тахана ас Батьяновна тӏедиллина, сихонца Зандакъа а гӏой, цигара мятежникийн парти йохайе аьлла. 20-чу августехь шена тӏе резерван батальон кхаьчча, кхаа батальонций, дошлойн йеа сотняций Бена хьалавогӏур ву иза. ХІокху геланче ас приказ делла, Шелара цхьа батальон а, ламанан йаккхийчу тоьпийн взвод а хьуна гӏоьнна йахийта аьлла. Нагахь аренгахь жимма а синтеме хилахь, Навагински полкан