– Вай ца тоьлучу даьлча-м, лечул, Сибрех ваха лаьара суна, – элира ӏумара гӏийлла.
– Хӏунда?
– Тхан да а, ваши а волчу…
– Мисканиг-йаӏ! И Сибре мел йоккха йу, хаьий хьуна? Шарахь дӏаэхарх, йист ца гуш. Хьаннаш, хиш, ишалш, лаьмнаш. ГІорийна латта цкъа а ца дасталуш, шело. Оцу пана махкахь баржийначу вайнахана тӏенислур ву бохург хьехочохь а дац… – ТІаккха Михаилна тӏевирзира Янаркъа. – Дера тоьллера хьуна а, Мишка, хьайна, цхьа лекъ санна йолу, матушка а йалийна, иза а хьоьстуш, цӏахь ӏийнехь!
– Хӏун боху-техьа ахь, Янек, баха мукъане а?
Янаркъас, нохчийн а, оьрсийн а мотт ебина, кхетийра доттагӏ.
– Хьан баба жоьра ца йуьсуш дерзахьара хӏара! – велавелира Михаил.
– Иза-м эрна йуьсур йацара, Мишка. Тхан эвлахь Іовдал Тӏурло ву, кӏантстаг лаьтташ. Милк санна, ворта а йолуш. Цуьнан ирс ду, со лахь. Амма, хьо дийна висахь, ас хьуна йуьту сайн баба. Уггар хьалха доттагІчунна хьакъ йу иза.
– Хьан-м дог а догӏу забарш йан, Янек…
Цаьршиннан забарш йукъахйехира цӏеххьана хьалаиккхинчу Къайсара.
– Же, ӏумар! Эскар схьадоладелла! Же, ӏаьлбаг волчу!
Лакха тӏера гӏо тӏекхоччушехь, шен бӏо дойшка а баьккхина, мостагӏий гергакхачаре ладоьгӏуш сецира Къайсар. Некъашций, хьаннашций баьржина богӏура уьш. Амма, кхузара дӏахьаьжча, новкъа богӏурш бен ца гора. Бӏаьргана къаьстачу кхаьчча, духарх бевзира Къайсарна ламанхой. Шайн гӏуллакхна кхаш тӏе баха арабевлча санна, ги тоьпаш тийсина, партал иллеш долийра цара суьйлийн маттахь.
ГІовттамхошна «милици» йу моттийта хьалхабаьхна тезакхаьллахойн лома тӏе балош йийсаре лецна суьйлийн гӏовттамхой бара уьш. Хӏара гӏовттамхой санна, ширачу герзаца кечбинера уьш. Шиний агӏор герзийн ницкъаш цхьанийсса хиларна, гӏовттамхой, уьш тӏекхачаре хьуьйсуш, майрра Іара. Амма гӏовттамхошна ца хаьара оцу «милицина» йукъатоьхна, духарца уьш санна кечбина гӏашбаьхна гӏалгӏазкхий а хилар. Гуттар а гӏовттамхой тешийта, шайн халкъан иллеш алар тӏе а диллинера йийсархошна. Царна тӏаьхьайолайелира гӏашлойн батальонаш а, йаккхий тоьпаш а.