Кхачанийн сурсатийн а йацара къоьлла. ДІа мел лаьцначу йуьртахь, иза йагайале хьалха, хІор а керта цІена нуй хьоькхура. Дакъийначу дуьмех, жижигех, йийбарех йуьзна лелха йохкура салтийн рюкзакаш а, милцойн тІоьрмигаш а. ТІом чекхбаьлча, даим а дийнна базар хІуттура хІонс йухкуш, хуьйцуш а. Оцу базаршкахь дакъалоцура лахарчу эпсарша а. Шайна тешаме болчу салташкахула. Амма баккъал а йохка-эцар йолалора отряд гІопе йухайирзича. Талийна хІонс дІайухкура бахархошна а, спекулянташна а.
Шолгӏачу дийнахь Смекаловс тӏеийцира тӏаьхьий-хьалхий туьпа оьху йартийн векалш. Уггар хьалха баьхкира даьргӏахойн, белгӏатойн а тхьамданаш. Даим санна, майрра. Совгӏаташка йа инарлин баркалле догдохуш. Баьхкинчу цІонтаройн тхьамданаша дуй биира ӏедална муьтӏахьаллина. Тезакхаьллой, ножахой а гучу ца бовлура. Къинхетам беха баьхкира курчалой а. Амма цара сацамболлуш дуьхьало йира амалтана нах бала.
– Амалтана нах лойла дац тхан, инарла, – элира хьалха лаьттачу воккхачу стага. – Ахь доьху даьхний а дац тхан, инарла. Тхоьгара гӏело а, къоьлла а йу адам ӏедална дуьхьал гӏаттийнарг.
Смекаловс шена тӏекхайкхира отрядийн начальникаш.
– Господин полковник, – элира цо Накашидзега, – салтий, ламанхойн сотняш йахийта Теза-Кхаьлла. Ши рота а, милицин дружина а Куьрчала хьажайе. Ткъа хьо апшеронцийн батальон, артиллерин взвод, гӏалгӏазкхийн цхьаъ, дегӏастанхойн дошлойн милицин кхоъ сотня эций, Ноже гӏо. Дерриг даьхний схьалахкий, йартех а, йалтех а чим бе.
Дукха хан йалале капитанан Битнерскийн колонна кхечира, Эрсанца дерг тӏаьххьара чекх а даьккхина.
Керла отряд схьакхаьчча, йерриг лагерь меттахъхьайра. Маьӏ-маьӏӏера хезара бехначу салтийн маьхьарий. Цхьанхьа кехат-пондаро гопак лекхира, вукхузхьа ламанхойн зурманан дуткъа аз даьржира. ТІараш детташ, шакарш йетташ, хелхаран бал болийра салташа а, ламанхоша а. Гуттар хьаьсарта баханчара, хьала а лоьцуш, герзаш кхуьйсура.
Цецбевлла, цаьрга ла а дегӏна, кортош хьовзийна, малхбузан ламазашна хӏиттира курчалой.
Мацделла, гӏелделла чоьжаш чу а кхетта, тӏехьара настарш кочачу кхох йуьзна, дажа лаьтта кховда а ницкъ боцуш, кортош