ца ӏара шуьгахьа, бӏеннаш салтий а бевлира. Ткъа таханлера вайн гӏаттам хьошуш салтел а тӏех къизалла гойту нохчаша, гӏалгӏаша, хӏираша, дегӏастанхоша, гӏумкаша. Іехийна-кх. Хӏара миска Солтха санна. Халкъашна йуккъе мостагӏалла доьллина, цаьрга вовшийн хьешийта. Хӏара йерриг хьовр-зӏовр йинарг цхьа кӏеззиг хьоладай бу паччахьаш коьртехь а болуш. Цуьнан ойла ца йо цхьаммо а. Топ-тур даьккхина, вовшашна чугӏерта.
– ДІавахча, ца летча ца волура, Васал, – элира Солтхана. – Эскарехь гӏуллакхдеш, цхьана шуьнехь йууш, цхьана тхов кӏел буьйшуш, йерриг халонаш нийсса йоькъуш лелачу адамийн гергарло а, доттагӏалла а, вошалла а тасало. Къам, дин бохург йукъара дӏадолу. Тӏаккха, тӏаме хӏиттича, ша ца вейта, шен накъост ца вейта, дуьхьалонча вен деза. Тӏе, ӏедал мел къиза делахь а, кху Россера къаьмнаш цхьа вежарий ма ду, хӏара мохк массеран а йукъара ма бу. Тӏаккха, мухха делахь а, йахь а ма йу. Вай эша а, Россе эша а ма ца лаьа, ва Васал…
Эххар а маьждиган майданахь гучувелира Хортӏа а, Товсолта а. Геннара дуьйна къегара хьацар тоьхна Хортӏин дилхе беснеш, хьорматах тера цӏен мара. Боккхучу коге терра шур-шур дора горга гай тӏеӏовддуш йиначу баьццарчу атласан гӏовтало. Шуьйрра гӏулчаш йохуш, цунна тӏаьхьакхиъна вогӏура, гӏуркх санна, веха векъана Товсолта. Майданахь лаьттачу нахе дӏа а ца хьожуш, маьждиган неӏаре дӏавахара и шиъ.
– Хӏан, дало, кӏентий. Вайн молла схьакхечи, – хьалагӏеттира Васал.
Цхьа минот йаьлча, маьждиган майданахь цхьа а стаг ца висира.
Оцу заманахьлерчу оьрсийн цхьана гӏараваьллачу кавказталламхочо йаздина ду, бусалба малхбалехь а, йа, атталла, хӏокху нохчийн шайн лулахошлахь а динан дайн долу сий а, бакъонаш а йацара нохчийн динан дайн кху Нохчийчу Шемал вале хьалха аьлла.
Йоза-дешар хаарна халкъал лакхахь лаьтташ а, шайн карахь шарӏан ӏедал а долуш болчу бусалба Малхбален динан дайша массо а хенахь боккха ӏаткъам бора шайн халкъийн йукъараллин дахарна а, урхаллина а тӏе. Ткъа къоман ӏадат чӏогӏа лардинчу нохчашлахь дерриг гӏуллакхаш, низам а йукъараллин урхалло ӏадаташца къастош, латтош а хиларна, халкъана тӏехь и тайпа ӏаткъам, сий а дацара динан дайн. ТІе,