дика цӏе йоккхуш. Амма оцу дошлочуьнца ца ларавора. Цо веларца йухатухура хӏокхо дӏа мел ден тохар. Туркочун масазза а аьтто хилира Солтхан корта баккха, хӏетте а цо иза ца дора. Хӏокхуьнан тур кагделча, корта а ластийна, гӏайгӏане велавелира турко.
– Соьца ларор вац хьо, жима къонах, – элира дошлочо цӏеначу нохчийн маттахь. Тӏаккха, хӏара шен йийсар хилар кхечарна хаийта, Солтаханан белша тӏе чӏапалашкахь тур диллира цо. – Ас маршо лур йу хьуна, хьоьга масех дош а аьлла. Вайша, ши нохчо, вовшахлета, цхьаъ – туркошкахьа, важа – оьрсашкахьа. Вайшиъ саннарш кхин масех бӏе ву шиний агӏор. Тхо туркойн паччахьан дуьхьа а, туркойн дуьхьа а ца лета кху тӏамехь. Вайн халкъ ах хӏаллакдинчу, эзарнаш дай махках баьхначу, даймахкахь бисинчарна тӏехь къиза ӏазап латточу оьрсийн паччахьах бекхам оьцуш лета. Ткъа аш хӏун леладо? Цкъа-делахь, оьрсийн паччахьо болийна харцонан тӏом бу хӏара. Шолгӏа-делахь, и оьрсийн паччахь вайн халкъан мостагӏ ву. Шу хӏунда хӏиттина цуьнан эскаре, шу хӏунда даьхкина цуьнан мохк шорбан, шаьш санна, кхин халкъаш лолле дерзо, бехкбоцчу адамийн, тӏе, вай санначу бусалбанийн, цӏий ӏено? Кху тӏамехь шиний агӏорчу нохчаша мел турпала хьуьнарш гайтарх, толам, хастам а оьрсашний, туркошний буьсур ма бу. Сан къамел дӏатоха хьайн накъосташка. Со Бенарчу Гӏадон кӏант Габа ву. Хӏинца дӏагӏо…
…Цӏеххьана набарх ваьлча санна, дӏаса бӏаьрг тоьхна, ладуьйгӏира Солтахана.
Цхьанхьа, тхов тӏера долуш санна, Товсолтин мукъаме аз хеза Солтханна. Аз лоьхуш, дӏасакхарстийна цуьнан бӏаьргаш мимбарна тӏехь совцу. Хьалавала йалх тӏегӏа долуш лами а хІоттийна, лакха айъина, хаза, говза бустамаш а дохуш, бес-бесара басарш а хьаькхна кечйинчу, гӏутакх санна, жимачу мимбарна чу а хӏоьттина, хьехам беш воллу Товсолта. Гӏезачух тера лаг цкъацкъа дахло, тӏаккха озачу, гаттийчу белшаш чу таьӏа. Йегайо ирачу чӏениг буьххьера нилха, газанчух тера хьаьрса маж. Цкъацкъа аз зевне долу, тӏаккха, йиш хаьлча санна, дов маьждиг чохь, кхузахь дакъа Іуьллуш санна:
– Везачу Дала, азаллехь Ша синош кхуллуш, хӏоранга а шена оьмар тохийтина, хӏоранна а ницкъ, амалш йелла, хӏоранна рицкъанаш делла.