ТІаьххьара а, сан гуманни ойланал лакхахь лаьтта пачхьалкхан хьашт-дезарш а, ӏалашонаш а. Пачхьалкхан чоьхьарчу хьелаша а, арахьарчу йукъаметтигаша а, къаьсттина а шена тӏехьа вайн нуьцкъала мостагӏий лаьттачу туркошца болчу хӏокху тӏамо а со тӏетоьтту, къинхетам бохург диц а дина, даге ла а ца доьгӏуш, нохчийн гӏаттамца дерг сихха а, гуттаренна а чекхдаккхарна.
Инарлин шийлачу бӏаьргашка хьаьжча, кхидӏа хеттарш эрна хиларх кхийтира со…
Ламанхой, къаьсттина нохчий, вайна дуьхьалбахарна бехке вайн эскаршкахь гӏуллакхдеш хилла кхечу мехкийн эпсарш а хетало суна. Царах дукхахболчарна бен а ма ца хета Россин а, цунна чуьрчу халкъийн а кхоллам. Уьш шайна чинаш, титулш, хьал а лаха ма богӏу вайн махка. Ас буьйцурш дуьххьара Нохчийчу йаьхкинчу вайн отрядийн командираш Кох, Фрауендендорф, де Медеми, Кек, Рик, Пьери а, кхиболу а кхечу мехкийн авантюристаш бу. Цара йоккхачу къизаллица хьийшира шайна тӏехь олалла латточу луларчу феодалашна дуьхьал болу нохчийн гӏовттамаш. Хӏаъа ткъа, и шайн къизалла вайн правительствон цӏарах ма лелайора оцу эпсарша. Нийсса аьлча, церан къизачу гӏуллакхашка бӏаьргаш хьаббой хьоьжура правительство а. Церан болх хета суна Шайх Мансур коьртехь Нохчийчоь гӏаттар. Хӏеттахьехь вайн правительство кхетаме йеана хиллехьара! Цо и хьере эпсарш а, инарлаш а йухаоьзнехьара, хӏокху тӏаьххьарчу иттаннаш шерашкахь оццул цӏий ӏенна хир дацара. Амма и ца дира вайн мундираша. Оьрсийн пачхьалкхан, оьрсийн герзан сий лардан дезаш хийтира! Цкъа цхьанаметта къиза тохар дина нохчий къарбарца, кхузарчу дисинчу къаьмнийн ишттаниг лелорах догдаккха деза аьлла хийтира. Амма нохчашна дага а ца догӏура къизаллина кӏел совца. Вайн правительствон цхьана къизалло кхин кхуллуш, деха кочар хилира цунах. Шо-шаре мел долу, кӏарглора вайн инарлаший, чиновникаший ламанхошна а, оьрсийн халкъана а йуккъехь охку ор. Шина къомана йукъахь машар кхайкхоран меттана, оцу шинна йукъа питанаш туьйсуш, йуккъехь мостагӏалла марсадохура. Генна хьалха хьуьйсучу хьекъалечарна гора оцу гӏалатечу, къизачу политикин хинйолу тӏаьхье.