тарло, кху тӏаьххьарчу бӏе шарахь гергга бахбеллачу тӏамо таронаш ца хуьлуьйтура кхузахь и гӏулч йаккха. Амма кхузахь машар хӏоьттинчул тӏаьхьа а ма даьлла берхӏитта шо. Оцу берхӏитта шарахь кхузахь йиллинарг йеккъа цхьа школа йу. Иза а – кхузарчу хьолахойн а, динадайн а берашна…
Бехк буьллийла дуй ткъа правительствона? Олалла дечу классашна ма ца лаьа шайна бухарчу къинхьегаман халкъана серло а, кхетам а бала. Иза бодане мел ду, атта хуьлу дацо а, ӏехо а, адамийн барт ца хилийта а. Цундела, вайн оьрсийн муьжгех пхи дакъа дича, деа декъана шайн цӏе йилла а ца хаьа. Тӏаккха хӏумма а цецволуьйла дац правительствона хӏара туземцаш серлонга баха дагацадарах.
Правительствон а, меттигерчу къорзачу мундирийн а бертаза цхьамзанийн а, набахтанийн зӏарашна а йуккъехула схьа кху лаьмнийн чӏажашка йаьржа российски культурин зӏаьнарш. Уьш кхуза йеара декабристаша, Пушкина, Грибоедовс, Лермонтовс, Бестужев-Марлинскийс, Толстойс. Цара дуьххьара бакъдерг элира кху махках, кхузарчу адамех. Дуьххьара дийкира ламанхоша шайн маршонехьа латто турпала къийсам хестош долу церан майра аз. Оцу озо ламанхошкахьа безам, лерам кхоьллира хӏор а оьрсийн стеган даг чохь.
И серло кху къомана йукъайаьржа правительствос дихкинчу йа цунна дагахь а доцчу некъашца – вайн прогрессивни эпсаршкахула, могӏарчу адамашкахула. Кхиболчу туземцийниш санна, ӏедало Петербурге, Москва, Владикавказе деша дохуьйту цхьаболчу нохчийн бераш. Халкъана гӏуллакхна ца бохуьйту. Царах эпсарш, чиновникаш, талмажаш бан йа, вуьшта аьлча, кху къомана йукъахь царах ӏедалан гӏортораш йан. Амма гӏаланашка, ӏилманан хазни тӏе, культурин зӏаьнаршна кӏел нисбелча, царах дукхахболчийн ойланаш правительствон ӏалашонна тӏера дӏайовлу. Цара уггар хьалха тӏеоьцу оьрсийн къоман лакхара культура, революционно-демократически идеяш. Уьш шаьш а самабовлу, шайн халкъ бӏешерийн боданера схьадаккха чӏагӏо а йо цара. Лаьа шайн халкъан диканиг, адамаллиниг, турпалаллиниг гучудаккха а, даржо а. И шайн халкъ, официальни мундираша ма-дуьйццу, акха доцийла хаийта, кхидерш санна, иза диканиг, оьзданиг дезаш, безам, тешам, лерам а болуш