туьйсуьйту цигахь. Шайн байъинарш а, чевнаш хилларш а тӏехьа ӏина чу идабо гӏовттамхоша. Салтийн беха цхьа могӏа гучуболу жимачу экъан тӏехь. Кхин масех а. Солтханна хеза шена девза вотанан тата. Хӏинца салтий хьалхатаьӏар бу. Хӏаъ, йукъ-йукъа соьцуш, цхьатерра тоьпаш тухуш, хьалхауьду. Шерачу экъанна дехьа йуьххьехь гучуйолу дошлойн шиъ сотня. Кешнийн аьтту а, аьрру а агӏо йукъа а лоцуш, чухьолху уьш.
Малхехь къега баттара даьхна тарраш. Масех бӏе къамкъарго «урре!» аьлла цхьатерра тоьхначу маьхьарша къардо хӏаваъ.
Амма Акхта а ву сема. Дуьхьал атака йина гӏашлой а, агӏонашца хӏорш морзахна йукъаІовда гӏоьртина дошлой а тӏекхиале, ӏина чу а биссина, шайн говрашка а хевшина, йуьрта йухабевлира гӏовттамхой.
Солтха меллаша чувахара. ЦІа веанчу дийнахь ша дӏайаьхна ӏаьржа погонаш схьа а эцна, белшаш тӏе йоьхкира цо. Тӏаккха некха тӏе мидал а оьллира.
– Чуьра ара ма довлалаш, – кхоьссира цо, кхо бер мара а къевлина, товханний, пенаний йуккъехь тебна Іачу зудчуьнга.
Йуха а, вахана, тохарлерчу гу тӏе хӏоьттира Солтха. Хӏинца, йуьртахула чекхлелхаш, регӏа йухабуьйлура гӏовттамхой. Цхьаболчара тӏехьа ховшийна, кхечара хьалха а лецна балабора дархой. Байъинарш цхьаццанхьа керташка охьабохкура цара. Чов хилла куьг чоин чета а таӏийна, говр хаьхкина вогӏура Акхта. Елисейна тӏаьхьавогӏучу Болатан хьаж дара цӏеша йуьзначу кӏадинан асанца дихкина. Солтханца нисвелча, говр лагӏйира Акхтас.
– Хьо стенна кечделла, жӏаьла, хӏара мидал а оьллина? – туйнаш кхоьссира цо, шен боккха ши бӏаьрг Солтханна тӏе а боьгӏна. – Вежарий бу шун богӏуш. Маралелха гӏо! Заддаш!
– Акхта, хьо воккха ву сол, гӏовгӏа а ца йеш, тӏехвала, – дера кхоьссира Солтхана. – Сайна лаахь – мараоьккхур со, сайна лаахь – цІога лоцур ас. Хьан гӏуллакх дац соьца.
– ЦІога лаций а ца ӏаш, кӏел мотт а хьакха аш!
Даим дера Акхта тӏехваьлла дӏавахча, Болат тӏевеара Солтханна.
– Тхайниш цӏахь буй-те, Солтха?
– Бац. Айза а, Эсет а, Деши а регӏа бахана.
– Къайсаран Макка?
– Иза а йахана.
– Баркалла хьуна.
– Чов вон йуй хьан?
– Йац.
– Вайчех маса вийна?
– Дикка байъина.
Болат говр хьайеш воллуш, тӏе а вахана, урх лецира Солтхана.
– Оцу Акхте ца оьшу гӏовгӏа