хьийзош, охьаоьхура жима ӏаьржа-Ахк. Бухара тӏулгаш ӏарждинера тӏетийсинчу хьесаша. Цундела оццул сирла хи бодане, ӏаьржа хетара.
– Тӏехиндолчун ойла йан йеза вай, кӏентий, – долийра Іуммас, суьлхьанаш гӏовталан кисана а таӏийна, шуьйрачу можах куьг а хьаькхна. – Белларш бу дӏабохка безаш. Шайн йарташка а бигна. Ахь, Иба, Чӏебарлой дӏабигаран гӏайгӏа бе. Байъина гӏалгӏай, Іаьндой дӏабига масех стаг а къаставе. Цаьрца пхи-йалх нохчо ца вахча, гӏиллакхе хир дац. Белларш дӏабохккалц цигахь ӏе. И нах болчаьрга тхоьгара кадам а бе. Хӏинца вай дан дезарг. Инарла вайна тӏаьхьавер вац. Ваьхьар а вац. Хетарехь, йарташ а йагийна, Ведана йухавоьрзур ву иза. Йарташ кӏелхьарйаха ницкъ бац вайн. Доцца аьлча, хьалха баьхкича, цара йитина а йац шолгӏа йаго хӏума. Эскар Ведана йухадолуш, цунна тӏелета дезар ду. Тангӏай, вайн ах нах а эций, хьо Ведана боьдучу некъана аьтту агӏор хьаннашка гӏо. Бисинчаьрца со аьрру агӏор вер ву. Цхьана минотана а садаӏа ма бита, тӏейетташ, Ведана дӏабига уьш. Лорса-Хьаьжа, ахь хӏокху йарташкахь бисина нах вовшахтоха. Эскар дӏадаха новкъадаьлча, тӏехьахула тӏелетар ву хьо.
Дехьо йуьстахлаьтта Овхьад а, Дада а тӏекхайкхира ӏуммас.
– Овхьад, тховса ӏаьлбагна тӏекхача деза хьан. Тахана хилларг дийца. Кхана тӏом хир бу ала. Нагахь Нохчмахкахь цо цхьаъ доладахь, Веданара цхьа а салт цига вогӏур воцийла а хаийта. – Тӏаккха Дадина тӏевирзира Іумма: – Ткъа ахь, кӏант, хьайца ши-кхо стаг эций, гӏой, инарлас дӏа мел боккху ког суна тӏе кхачабе.
ТІе латта тесна лоха тхов болу Къосаман къен цӏа, чуваьлча, кошах тарлора, буьйсанна-м хьовха, дийнахь а. Йочанечу хенахь жимачу корах чутатталой, мох, дарц, пенашца, тхевнаца хьийзаш, кхерстара цӏа чохь. Ткъа бахтаран асанашца неӏсагӏина тӏе а къевлина, кхо у вовшахтесна йина неӏ, даг тӏе сингаттам туьйсуш, цхьана мукъамехь цӏийзара.
Тховса аре тийна йара. Дарц а дацара, мох а бацара. Хӏаваэхь хӏоьттинчу йовхонан дахкаро къайлайаьккхинера стигал а. Бурко йара, чохь-м хьовха, арахь а.
Тишачу лаппагӏийн уьйтӏарчу кхуран дитта кӏел черт йаржийна, гӏевланга кенийн гӏайбанаш тийсина, ахтевжина Іуьллура Къосам а, Нурхьаьжа а.